бӏаьрг кхарстийра Іаьлбага.
– Вежарий! – хьалхачул чӏогӏа а, буьрса а дийкира цуьнан аз. – Йарташа векалш дина схьахьовсийначу аш, шайл хьекъална, кхетамна йа майраллина вацахь а, сов хетта, имамалла делла соьга. Иза тӏелаьцна ас, шул цхьа чо а сайна со тӏех ца хетташехь. Халкъан маршонан дуьхьа гІуллакх дӏадолийна вай, хӏинца йуханехьа некъ бац вайна. Цундела, шун пурбанца, аш сайна тӏедиллина декхар кхочушдар дӏадоладо ас…
Хьала а лаьцна, наха тоьхначу тоьпийн тата даьржира хьаннашца, регӏаца.
– Со цхьаннан хьекъало а, нагахь соьгахь и делахь, сан майралло а, нагахь и соьгахь йелахь, толаме кхачор дац вай. Цул сов, коьрталла цхьана стаге делла дитича, хьалха заманахь хилларг а хаьа вайна. Йа гӏалатвер со, йа куравер со, йа даг чу къизалла, йамартло, кӏиллолла йуссур сан. Цундела вай схьалаьцначу халачу новкъахь хьекъале, майра, тешаме гӏоьнчий оьшу суна. Сан бӏо а булуш, халкъо а лоруш къонахий. Кхузахь тховссехь уьш аш чІагӏбойла а лаьа суна.
– Цӏерш йаха хьайна хетачийн! – маьхьарий девлира нахана йукъахь.
– Диканах, вонах жоп дала дезарг хьо ву!
Ӏаьлбаг цхьана минотана дӏатийра гӏовгӏанаш совццалц.
– Залмин Дадас нийса элира, вай долийначу гӏуллакхийн коьрта гӏортор кегийра чкъор хир ду аьлла. Амма со а къона, суна тӏаьхьара нах а къона хилча, вайн гӏуллакхах хӏун хир-те? Цундела сайна хьехамчаш, гӏоьнчий аш чІагӏбан луур ду суна бенойн Солумгерин Солтмурд а, кхузахь тховса вайца воцу зумсойн Дуин ӏумма а, шуна йукъахь лаьтташ волу гунойн Пишин Гӏубха а. Къоначех – махкатӏхойн ӏабдул-Хьаьжа, цІонтаройн Сулиман, зумсойн Залмин Дада, аьккхийн Пиркъин Янгӏулби. Царах ледарло хуург, уьш мегар бац аьлла хетарг схьавалал.
Резавоцуш цхьа а йукъа ца велира. Мелхо а, уьш къобалбен маьхьарий хезира.
– Нийса къастийна!
– Ала хӏума дац царна!
– Майра а, тешаме а кӏентий бу!
Тӏаккха ӏаьлбага, йарташ дакъошка а йекъна, царна тӏе наибаш чІагӏбира: Солтмурд – бенойн йарташна, Сулиман – цІонтаройн йарташна, Гӏубха – гунойн, гӏордалойн йарташна; ӏабдул-Хьаьжа – бассойн йарташна, Янгӏулби – аьккхийн, Дада – Органца йолчу йарташна.
– Хӏинца, кӏентий, шун пурбанца, сайн лаам дӏакхайкхабо ас, – мохь