динахь йуьртах аравелира ӏаьлбаг.
Коре а хӏоьттина, цунна тӏаьхьа арахьоьжучу Зезагӏазан бӏаьргех мела хиш хьаьлхира. Са а уьйзуш, къайлах йоьлхучу цунна ца хааделира шен жима йоӏ чу йогӏуш а, иза, кучан йух лаьцна, шена улло дӏахӏуттуш а.
– Нана, хьо хӏунда йоьлху? – кхерабелла ши бӏаьрг нене хьалахьежабора Сехьабос.
Нанас жоп ца делира цунна. Логе шад а хӏоьттина, йист ца хилалуш йисинера иза. Охьатаьӏна, йоӏ кара а эцна, цуьнан горга, жима корта шен белша тӏе а биллина, тӏе бесни а таӏийна, дӏатийра иза…