Баширан кӏанта Нуӏмана (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:
«Боккъалаъ, магийнарг - хууш ду, цамагийнарг а - хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг - шен дин а, шен сий а цӏандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг - хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаӏух терра, (иза) хӏинций-хӏинций оцу тӏе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хӏора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, Аллахӏан йихкина меттиг – иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегӏехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь - дерриг дегӏ а нисдеш, нагахь и телхина хилахь - дерриг дегӏ а талхош. Боккъалаъ, иза - дог ду».