ӏумаран кӏанта ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Соьга Омра дина, хӏокху нахаца тӏом бе аьлла - цара тоьшалла даллалц Аллахӏ воцург кхин дела ца хилар а, Мухьаммад Аллахӏан элча хилар а, цара ламаз даллалц а, закат даллалц а. Нагахь цара и (дерриге) дахь – соьха лардина хуьлу цара шайн дахар а, шайн бахамаш а, (тӏейогӏучу ханна нехан царна тӏекховда йиш а йоцуш) Ислам-динан бакъонца бен. Цул тӏаьхьа церан хьесап Сийлахьчу Аллахӏехь ду».