Абу Хӏурайрас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«(Хӏай, нах!) Боккъалаъ, Аллахӏ - Цӏена ву, Цо цӏенаниг бен цхьа а хӏума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина Аллахӏа муъма нахе а.
Веза-Сийлахьчо аьлла: «Хӏай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика ӏамалш а е.» («алМуъминун»: 51).
Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «Хӏай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172).
Цул тӏаьхьа пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира - новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза – иштта хилча (цуьнан доӏанна) жоп муха лур ду?».