Муӏаз бин Джабала (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) аса элира: «Хӏай, Аллахӏан элча! Со ялсамане вохуьйтун йолу а, со жоьжагӏатех гена воккхун йолу а ӏамал йийцахь суна.»
Пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Сийлахь-доккхачу (гӏуллакхах дерг) хаьтти ахьа, амма, боккъалаъ, Веза-Сийлахьчу Аллахӏа шена и атта дина волучунна атта хир ду и. Аллахӏана лолла де ахьа, Цуьнца нисвина кхин цхьанненна а ца деш, ламазаш де, закат даккха, Рамазан баттахь марханаш кхаба, хьаьжцӏа хьаьж дан а гӏо.»
Цул тӏаьхьа элира цо: «Диканан кевнаш гайта аса хьуна? Марха ду - (ларвеш долу) турс ду; сагӏа - хино цӏе дӏаяйъаре терра летийна къинош дӏадойъуш ду; буьйсанан юккъехь (дина долу) стеган ламаз а ду.»