Абу Хӏурайрас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Хӏокху дуьненан цхьана гӏайгӏанах муъма стаг хьалхаваьккхинарг - Аллахӏа къематдийнан цхьана гӏайгӏанах хьалхавоккхур ву. Таро йоцуш волучу (декхархочунна) аьтто биначунна - Аллахӏа цуьнан аьтто бийр бу хӏокху дуьненахь а, эхартахь а. Бусалба стаг хьулвинарг - хӏокху дуьненахь а, эхартахь а Аллахӏа а хьулвийр ву. Ша лай шен вешина гӏо деш мел ву - Аллахӏ хир ву Шен лайна гӏо деш. Ӏилма лоьхучу муьлхха а цхьана новкъа ваьллачунна - Аллахӏа и бахьанехь ялсамане боьду некъ атта бийр бу. Ткъа Веза-Сийлахьчу Аллахӏан цхьана цӏа чохь нах гулбелча, цигахь цхьаьний Аллахӏан Жайна а доьшуш, вовшашна и ӏама а деш, - царна тӏе, билггал, синтем буссур бу, (Аллахӏан) къинхетамо дӏа а хьулбийр бу уьш. Маликаш гонаха довлу царна, Аллахӏа Шена хьалха болучарна юккъехь хьахабо уьш. Шен ӏамалша шена хьем биначунна - цуьнан схьаваларо (тайпано) гӏо дийр дац цунна.»
[(Муслим: 2699)].