ӏумаран кӏанта ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Ислам-дин пхеа бух тӏедоьгӏна ду: Аллахӏ бен кхин дела ца хилар, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларан тоьшаллина а, ламаз дарна а, закат даккхарна а, хьаьж дан хьаьжцӏа вахарна а, Рамазан беттан марханаш кхабарна а»