— Ахьа хӏунда, иччархо, цат уху ира пха
Исс ломана тӏехьарчу саьрмикан цу коьртех!
И шийтта шейен корта болчу цу саьрмика
Хьийзош ду бехк боцуш, къинхетам ва боцуш,
Исс ломана тӏехьарчу йарташкахь и адмаш! –
Аьлла ша витира йоӏа къона иччархо,
Оцу бабин цу йоӏа, оцу бабин кертйисттехь.
Хӏун хилла кхетаве! Бехк бу-те, бац техьа!
Сихалло кхоллуш бу шун хаза и безам!
Тӏехьийзачу кӏента ӏад куьгбехке дацара,
Йоӏна-м и доцийла хууш ма дацара.
Йахьйолу иччархо йоӏ кхетон ца гӏоьрти,
Шен боцучу бехкана бехканза ца вели.
Дог майра иччархо некъана кича ву,
Саьрмикца къовсалуш цо хьуьнар гойтур ду!
Буьйсана йохаллехь, геннарчу некъана
Кечам беш ма вара и къона иччархо.
ӏуьйренца гӏоттучу цу дашон малхаца
Ша вагӏан велира и исс ломал ва дехьа,
Бехк боцу и йарташ саьрмико йагочу,
Шен шийтта ва корта болчу цу мостагӏца,
Ша ваьлла тасалуш майралла ва къовса!
Сатосуш ӏуьйренца лам лекхачу ша волуш,
Хӏинца а набарха балазчу цу малхе
Къона и иччархо хоттуш вара, мохь тухуш:
— Бос хаза дашо малх! Хьолла хаза хӏума дац
Доккхачу дуьненчохь, сийначу цу стиглахь!
Хӏай сийлахь дашо малх! Ахьа сунна гайтахьа
Исс ломана цу дехьа боьду и шира некъ!
Цу денна йохала цӏен суьйре кхаччалца,
Дашон шейен зӏаьнаршца гойтура цу малхо
Исс ломал цу дехьа боьду и шира некъ.
Цу цӏечу суьйренца и дашон малх буьзича,
И къона иччархо дехаре волура
Детица кхелинчу йуьхьгоргачу цу батте:
— Хӏай, сийлахьа беттаса, бос сирла горга бутт!
Цу ӏаьржачу буьйсаннн буьззина да бу хьо!
Хьан лекхачу пурбанца догу цу буьйсанчохь,
Детин и бос лепа, йуьхь хаза седарчий.
Исс ломана цу дехьа гайтахьа шира некъ!
Цу буьйсана йохаллехь садаржа гӏортталца,
Шен детин зӏаьнаршца цу батто гойтура
Исс ломал цу дехьа боьдуш болу шира некъ!
Цӏаьххьана стиглана голоцуш хьаьвдинчу
Цу мокха бос болу мархашка доьхура
Къоначу иччархос некъ байна ша висча:
— Хӏай, масса ва мархаш, шун пурба ва доцуш
И сирла шайн йаххьаш ца гойту дуьненна
Цу дашон ва малхо, цу детин ва батто!
Аша сунна гайталаш и бӏаьхойн шира некъ!
Оцу пана ва махка саьрмак дӏатарбеллача.
Гонахарчу йарташна тӏехьйоцу и йасакъ
Оцу ӏаьржачу саьрмико йохучу йарташка
Эххар а кхечира и майра иччархо,