Ас хӏоразза а мах буьйцура йоккхачу стагаца. Йоккха стаг реза ца хуьлура: «Сан цӏа дика ду хӏинца а, – олура цо, – цу мехах лур дац ас. Итт соти латта а ду. Беш гой хьуна?»
Латта-м дан а дара шортта. Ши бӏар а дара цу кертахь. Бӏараш сайна тӏеийзалуш санна хийтира суна, дуьххьара тхаьш вовшашна гича. Уьш кхоъ хила дезара. Хӏинца шиъ бен ца диснера. Ас дагахь бехк баьккхира царах, накъост вайарна. Уьш дист а ца хилира. Тӏаккха со меллаша хьаьжира цаьрга, геннара, дерригенах а со кхетийла хоуьйтуш.
«Бӏараша чӏогӏа пайда бохьу, – йистхилира йоккха стаг, со цаьрга хьоьжуш гича, – сан майрачо шен куьйга дӏадийна ду хӏорш. Цӏа иштта охьакхоссалур долуш йац со, кӏант… Хьуна ца хаьа иза, ша ваьхна керт, дагалецамаш…
Цхьа стаг мукъа а сайн кхузахь хилча, дӏагӏур йацара со. Цхьа а вац-кх! Цундела йала Пскове дӏайаха лаьара, сайн ши йиша а, нана а дӏайоьллинчу йуьрта. Цхьа йиша дийна а йу сан».
Йоккхачу стага, чу мосазза ваха, чай хӏоттадора суна, комарийн варени а хуьлура цхьаьна. Цамгарна чӏогӏа дика хуьлу хӏара, олура цо, аша-м башха лара а ца лору и хӏумнаш, олий.
Со гӏийлла велалора, пенах кхозучу суьрташка а хьожий. Суьрташ дукха дара цу чохь, гобаьккхина.
«Хӏара сан майра ву, – гойтура йоккхачу стага, – ткъа хӏара – со. Чӏогӏа хаза йара со хӏетахь. Цӏийндена хьераваллал йезара со. Велира иза, сан карахь ши бер а дуьсуш. Со кхин маре а ца йахара. Кӏант Маскох веха сан. Йоӏ-м Псковехь йу, гӏалахь. Цуьнца-м ӏийр йацара со, къена стаг хьанна оьшу? Йуьртахь соцур йу-кх, сайн дай-наний ӏийначохь. Стохка йахана хилла со цигахь. Массара а дӏакхойкху, дӏайола бохуш. Хьо хиллий цкъа а Россехь?»
Хӏаъ, со хиллера Россехь, Сибрех а йевзара, Казахстан а лайнера. Хӏора а меттиган амат хуьлура цигарчу нехан. Иштта хуьлуш хиллера кхузахь а. Иза суна Нохчийчу цӏа веъча хиира, дуьххьара кхузара меттигаш гича.
Сан дедас чӏогӏа сагатдора лаьмнашна. Цхьана декхначу дийнахь стиглахь мархаш гича: «Йий, кеста йала, мархаш, шу, тӏетовжа лаьмнаш а доцуш, бай санна, гӏийла лела-кх шу а», – олура.
Цо дуьйцу лаьмнаш суна ган а ца гинера. Со новкъахь винера, шолгӏачу мартехь.
Военкомо вина меттиг хаьттича, ас цӏерпошта чохь вина элира цуьнга.