— Тхо паччахьана тӏе до́гӏуш ду! — жоп делла бе́рийн буьйранчас. Кха́рах лаьцна паччахье хаийтина на́ха.
— Схьабахкийта, новкъарло ца йеш, — аьлла паччахьо.
— Аша лелорг хӏун ду, жӏаьлеш дойъуш? — хаьттина цо бе́ре́шка.
— Сийсара, ворхӏ лам а битина, бархӏалгӏачу лам тӏехьахь, жа йуккъе борз иккхина, жа хӏаллакдеш, аса кхойкхуш мохь беттарх, царех цхьаммо а «гӏалх» ца э́лира, — жоп делла кӏанта.
— Ой, ворхӏ лам а битина, бархӏалгӏачу лам тӏехьа́ра хьан жа дойъуш, кхузарчу жӏаьлешна мичара хезар дара? — цецваьлла паччахь.
—Тхан паччахьан хӏорда бухара айгӏар терсича, ворхӏ лам а битина, бархӏалгӏачу ло́марчу хьан кхе́лашна а хезне́рий и? — жоп делла кӏанта.
— Хьо ву су́на тӏе ваийтинарг, а́са маж а йо́луш, воккха стаг ваийта ма аьлле́ра?
— Маж-м хӏокхуьнан а йу, — о́луш, бож хьалха кхоьссина кӏанта паччахьана. — Делахь а маж хиларх ца тоьа, Хье́къал ца хилча.
Цецваьлла паччахь хаттарш дан волавелла, хӏара зуьйш.
— Гӏаш а, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а во́цуш, чохь а, а́рахь а во́цуш, стаг ваийта ма аьлле́ра аса. И мичахь ву?
Схьалаьцна вир-бӏарз неӏаран сагӏе йуккъе хӏоттийна кӏанта, ши ког а́рахь а бо́луш, шиъ чохь а бо́луш. Тӏаккха ша́ тӏехиъна цунна, цӏоганехьа а вирзина.
— Гӏаш а вуй со, говраца а вуй со, стиглахь а вуй со, лаьттахь а вуй со? Чохь а вуй со, а́рахь а вуй со? — аьлла, хаьттина цо.
Шен толамах дог диллинчу паччахьо дешин боги чохь седанал а хьаьъна хи хӏоттийна шена улло́хь. Ткъа кӏанта цу боги чу чӏешалг кхоьссина.
— И мукъана хӏун дара хьан? — хаьттина паччахьо.
— Бога дешиниг хӏоттор — дешел а чӏо́гӏа на́ха хьайн сий до, бо́хург дара хьан. Цу чуьра сирла хи — хьайн хье́къал дукха ду, бо́хург дара хьан. Ас чӏешалг тасар — оццул хьу́на кӏорга хетачу хьан хье́къална тӏай тиллина, сан хье́къал дехьа да́лалур ду, бо́хург дара.
Дан амал а до́цуш, къе́ра хилла паччахь.