— Хӏун ирс? – ца кхийтира иза.
— Ахьа элир-кх, Чӏе́гӏардигаш ирс дохьуш кхаьчна вайга, — дагадаийтира а́са на́нна ше́н дешнаш.
— Ирс а Да́ла доьгӏнарг хир ду-кх! – гӏайгӏане жоп де́лира цо сунна.
Суьйрана хьовсур вай кхин а. Буьйса йаккха а доьрзур дац техьа уьш цӏа, — тӏетуьйхира на́нас.
Хӏинццалца не́нах лечкъий, водий ловза воь́душ хуьлуш волу со, а висира тахана суьйрана чохь ӏен. Кегийрнаш-м уьйтӏахь цхьацца ловзарш лелош бара. Амма суьйре тӏегӏоьртича, кегийрнаш а гӏовгӏа ца йойтуш, дӏатебира тхан на́нас. Кегийрнаш дӏабийшича а дикка ӏийра со рагӏу кӏелара токачиркх дӏа а байъина, чӏе́гӏардигийн бен болчу вогӏавелла. Амма чӏе́гӏардигаш ца даьхкира шайн бенна улло́, иза тобиний ца хуучух тера дара царна. «Вайна ирс дохьуш кхаьчна уьш!» — не́нан аз дара сан лергашна хьалха хийзаш, сунна набкхе́таш а.
ӏуьйрана ишко́ле вагӏан со самаваьккхича, на́на самукъадаьлла йекхна йара. Со кхийтира, тхан чӏе́гӏардигаш цӏадаьхкина! Со сихонца хьаьжира рагӏу́нкӏела, амма со гӏалатваьллера. Цигахь сунна ца гира тхайн чӏе́гӏардигаш. Селхана хилла догдохар керладе́лира сан хӏинца а. Со вухавирзича тӏехьа лаьтташ йара Зийна. Цо хӏиллане а хуьлуш пӏелг хьажийра чӏе́гӏардигийн бене. Бӏаьргаш чу буйнаш хьовзийна, со кхин цкъа а хьаьжира бен болчу а́гӏора. Хӏинца-м со а къежира хазахетарца. Бен чохь дӏатарделла, деккъа цӏена шалха дуткъа де́ха цӏоганаш бен гуш кхин хӏума до́цуш, ӏаш тхан чӏе́гӏардигаш дара. Буьйсана сахиллалц цхьанхьа даьлла лелла кӏадделла хир дара и ши миска. Амма кестта дийкира цаьршиннан самукъане, зевне аьзнаш, тхан уьйтӏе цхьа ша́-тайпа серлайоккхуш. Уьш-м хьалха санна ийза ца луш мелла а паргӏата лелара тху́на улло́хула хӏаваехула. Чӏе́гӏардигаш кхеттачух тера дара, шаьш адмашна деина ирс адмаша шайца хӏинца декънийла. Мел самукъадо́лура сан кегийрчу вежарийн Рамзанан, Ражапан, халла когавахан гӏертачу Ризванан а, чӏе́гӏардигаш, шайх ца озалуш, маса улло́хула тӏехъиккхича. Тхан на́на Зийна а хуьлура ше́н кӏенташка санна, безамца хьоьжуш чӏе́гӏардигийн