Хӏетталц даим а самукъане, векхавелла хуьлу Васал Дакаш вийначу дийнахь дуьйна кхоьлина, ойлане висира. Цӏетоьхначу вешица дӏайахара цуьнан дуьненан самукъе. Делахь а, Дакашан вежарша, шена Мархет йалийна, бахам вовшахтоьхча, цо берриг шен ницкъ а, тӏамах мукъаваьлла хан а дӏалора доьзалний, бахамний. Амма цуьнан кертахь даьхний ца кхуьура. Цамгарх лара халла денбина йетт а, сту а, говр а. Паччахьан эскарш Гати-Юьртана тӏелетча, дагочу цӏеношна йукъахь нислора даим а Васалан миска хӏусам. Шо-шаре мел дели, бахам эшара, ткъа доьзал стамлора. И дара Васал дакъазваьккхинарг.