Ша вогӏуш стерчий дехарал сов, кхин а дара цуьнан дагалаьцна. Амма Ахьмаде и хьахо дарехь ца хӏуттура ӏела.
– Хӏинца ша хӏун дер ца хууш, бӏарзвелла Васал. Ӏосина дӏадала йалта дац. Ӏедало а, шарӏо а, вайна ма-хаъара, ӏоса толор ву.
Ӏела, шен къамел а сацийна, Ахьмаде хьаьжира. Ахьмадан йеха йуьхь макхйелла гора, дукъ сеттинчу бехачу меран ӏуьргаш оьгӏазе сийсара.
– Хьуна хӏун дан лаьара? – хаьттира цо ӏелега.
– Васалан доьзал кӏелхьара ца баккхахь, мацалла лийр бу, Ахьмад, – элира ӏелас. – Ши-кхо де хьалха со Мархете хьажа вахча, буйна ахьарш лаьцна, цу тӏе мотт ӏуьттуш ӏара уьш. Вайна ма-хаъара, Васал цхьа пхьарс чолакх, шен тайпа-тукхам доцуш стаг ву. Ӏосин бераша шайна тӏе-м лаьцнера иза, амма царах а кхоъ бен дийна вац. И гали хьаьжкӏаш ӏосина йухайерзоран ойла йора асий, Чорассий. Тхойшиннан цӏахь дац гирда кхочуш а йалта. Нахера жим-жимма вовшахтоьхча, цхьа гали гулйала мегара. Аьрзуй, Маккхаллий цӏахь хилча-м, царна цхьа некъ карор бара, и шиъ кестта цӏа кхочий хаац. Ткъа ӏосас Васална делла кхо де селхана чекхдаьлла.
Ахьмад хьалагӏеттира.
– Дӏагӏо, ӏела. Суьйранна со аравер ву оцу гӏуллакхна. Наха лахь – дика ду, ца лахь а – дӏатокхур ду и хьаьжкӏийн гали. Амма ӏосина моьттург чекх-м дер дац!
Ӏела дӏавахча, дикка хӏоьттина лаьттира Ахьмад. Цкъа ойла хуьлура цуьнан, мекха баккхар дитина, ши сту хьалха а лаьллина цӏа ваха, Васална орцахвала. Тӏаккха, ши сту бала ӏелина делла дош дага а догӏий, соцура. Ӏосас лелочу хӏуьмалгаша доллучух догдаьккхира цуьнан.
«Йа Аллахӏ, боккха болх бу-кх кху адамийн сутаралла. Гондӏарчу къаьмнашлахь элий бу, цара нах бацабо бохуш, тхо кхаьрдинарг хӏинца тхуна тӏедогӏуш лаьтта-кх. И цӏубдарш довларна кхоьруш ма лецира оха Шемал тхайна тӏе, маршонан дуьхьа ма ӏенийра тхан халкъо кху дезткъа шарахь шен цӏий! Амма уьш йукъадаржа доьлла. Буйна Къуръан а лаьцна – цхьаберш, хьалха жӏараш оьхкина – важаберш, аьрша а буйнахь – кхозлагӏниш. Дела, Хьуна хастам бу-кх…»
Ахьмадах дӏакъаьстина ӏела, дуьхьал новкъа йуьрта ца воьдуш, Васалан кха долчухьа дӏавахара. Цунна Васалан кха ганза дикка хан йара. Кхана иза аха дезаш хилча, латта декъа-кӏеда, тӏе колл йаьлла-йалаза муха ду хьажа лаьара цунна.