– Гота стенна сацийна аш? – тӏечевхира говр хаьхкина тӏевеана ӏоса.
– Гота ас сацийна, ас! Хӏара Васалан кха хӏунда оху ахь?
– Дӏайахийта шайн гота! – ӏела тергал а ца вира ӏосас. – Ас, гали хьаьжкӏаш йелла, долчу дегара эцна хӏара.
Ӏелас, стерчашна хьалха а хӏоьттина, дукъа тӏе куьг диллира.
– Ша, дог резахилла, доьхкина цо хьуна хӏара? Йа ахь нуьцкъала дохкийтина?
– Хьо хӏун ву цуьнан? Ваша ву, шича ву, тайпанан ву? Цо мухха доьхкича а, ас мухха эцча а, хьан хӏун гӏуллакх ду?
– Ваша ву-кх, кхетий хьо? Цунна эшначохь цуьнан ваша!
Кхузахь гӏовгӏанаш хезча, лулара кхаш тӏера нах, цхьацца-шишша вогӏуш, тӏегулбелира. Царах цхьаберш, гӏуллакх мичахьа долу хьуьйсуш, ладоьгӏуш, оьгӏазе хӏиттина лаьттара, ткъа гӏеххьачул тароне цхьа-шиъ маслаӏатна йукъавуьйлира.
– Дӏавала хьо, ӏела, наха доьхкинчу кхаца хьан хӏун гӏуллакх ду? – бохура Къосум-Хьаьжас. – Долчу дас ша къастор…
Цхьанне вогӏий ца хууш, йайдакха говрахь, буйна лаьцна тур а, доьхкарх йоьллина тапча а йолуш, веана схьаиккхина Ловда, урх тӏетосуш говр дӏа а хецна, ӏелина тӏевеара.
– Шу стенна гулделла кхуза? Хӏара хӏун ду? – хаьттира цо вехьаш.
– Хьайн дега хаттахьа! – кӏоршаме жоп делира ӏелас.
Шен да хьахош ӏелас цӏе йаьккхича, йуьхь тӏера бос хийцабелира Ловдин.
– Ас хьоьга хоьтту, ӏела, хьоьгара сайна адамашха жоп хаза лууш! – бехкбаьккхира цо.
– Хьан да ву-кх, миска, латта къийделла, доьзал хене баккха аьтто ца хилла, ша хӏун дийр ду ца хууш, бӏарзвелла, хӏара Васалан урд шена а дерзийна воллуш!
Оьгӏазе шен дега хьаьжира Ловда. Амма ӏоса, цхьана луьйтанна тӏевазлуш, ах сонара а вирзина, шеквоцуш хьоьжуш лаьттара шена гонаха хуьлучуьнга.
– Хӏунда оху ахь нехан кха? – дена тӏевирзира Ловда. – Хьайн дех, вежарех бисина, айхьа долаберзийна мохк ца тоьу хьуна?
Ӏосин йаккхий мерӏуьргаш севсира, шад хӏоьттира хебначу хьажа йуккъе. Къоьжачу, дуькъачу цӏоцкъамаш кӏелхьара цӏен ши бӏаьрг кӏанте а хьажийна, вист ца хуьлуш сецира иза.
– Ас-м хьоьга хоьттий, хӏунда оху ахь Васалан кха? – цхьа-ши гӏулч ӏосина тӏевахара Ловда.
– Кӏант, ахь йуьйцург хӏун хабар йу? – хецавелира ӏоса. – Нехан нахана йуккъехь соьга барт хатта-м ца веана хьо, хӏара ӏаспар хаьхкина?