Ӏосин ши ахархо йуьстахъиккхира. Ша аьллачунна тӏера ца вала, ӏосас, тӏе говр а тесна, Васална шед айъира.
– Дада! – мохь белира Ловдин. – Ма тохалахь!
Амма йуьхьа тӏехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь тӏе цӏен арс хӏоттийра. Васалан буйнахь йаьккхина шаьлта гича, нах йукъалилхира, ткъа ӏосас, шен говр, йухаоьзна, тӏаьхьарчу когаш тӏе а хӏоттийна, йуьйлина тапча Васалан некха тӏе лецира. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Коьртан хье а тосуш, цӏеххьана аркъалсеттина, тӏаккха меллаша цхьана агӏор вазвелла ӏоса, ког луьйтанахь буьсуш, охьавахара. Къаьхкина, ткъех гӏулч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.
Хӏинца а кӏур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна тӏехула дӏа хьуьнха воьлла, къайлавелира…