Амма со буххенца дуьхьал ву вайн йуьхьанцарчу бартана.
– Хӏунда?
– Хьекъале ӏалашо йоцуш болийначу гӏаттамо эрна хӏаллакдийр ду адам. Цундела вай къасто йеза вешан къийсаман тӏаьххьара ӏалашо. Вайн вешан ницкъаца Нохчийчуьра паччахьан ӏедал дӏадаккхалур дуй вайга?
– Дера, дац, – доккха садаьккхира Аьрзус.
– Россин арахьарчу тӏаме ладоьгӏуш ӏа вай, – дуьйцура Берсас кхидӏа. – Оцу йукъах пайда а эцна, толам баккха а тарло вай. Амма иза а шеконехь гӏуллакх ду. И тӏом даим лаьттар ма бац. Росси тоьлла йа эшна, чекхбер бу. Тӏаккха паччахьан ӏедало, шен берриг ницкъаца вайна тӏе а дирзина, къамкъарг ӏовдур йу-кх.
– Тӏетаьӏна ӏийр дац. Мозий санна, хӏаллакдийр ду.
– Хӏан, паччахьан ӏедал дӏадаккха вешан аьтто болуьйтур вай. Кхидӏа? Тӏаккха хӏун дан деза хаьий вайна цхьанне а? Мансуран, Бийболатан замане йухадоьрзур ду? Доьрзийла йац. Цкъа делахь, цул тӏаьхьа бӏе шо даьлла. Хӏинца кхин зама, кхин хьелаш, кхин адамаш ду. Кху тӏаьххьарчу тӏамо вайн халкъан ах боьрша нах хӏаллакбина, ах латта вайгара дӏадаьккхина. Шолгӏа-делахь, станицашний, гӏаланашний уллохь йолу арен тӏера йарташ, шайн кхолламна къера а хилла, севцца. Керлачу хьелех боьлла цигара бахархой. Кхозлагӏа-делахь, вайн халкъана йуккъехь шена тӏетийжа керла ницкъ карийна ӏедална. Ас буьйцурш нохчийн эпсарш, совдегарш, кегийра долахой а, ӏедалан гӏуллакхчаш а бу.
– Хӏета, ӏедална муьтӏахь а хилла, совца деза, боху-кх ахь, Берса? – хаьттира Аьрзус. – Йа, вуьшта аьлча, къоьлла, мацалла, харцонаш, сийсаздар а ловш?
– Ладогӏал ахь, Аьрзу. Халкъ, адам санна, хенаца кхуьу. Ницкъ а, кхетам а цхьана дийнахь йа цхьана бӏе шарахь а багӏац цуьнга. Оцу гӏуллакхна дукхе-дукха йеха хан йеза. Тӏамал хьалха хиллачу хьелашка вайн халкъ йухадерзор стаг шен бераллин хене йухаверзар санна хир дара. Вайна вешан хенаца, хӏокху заманца нисдалар оьшу. Амма, кхечу къаьмнех а къаьстина, Россех къаьстина-м муххале а, вешан дахар хийца ницкъ а, кхетам а, аьтто а бац вайн.
– Хьо хӏун аьлла ву ткъа?
– Вайн кхоллам Россерчу кхечу къаьмнашца цхьаьнабозар, цаьрца цхьаьна вешан маршонан гӏулакхехьа къийсар коьрта декхар лору ас.
– Ой, цаьрца дуьстича, вайгара хьал дуккха а хала ма ду, Берса.