Хьуна гина-кх дерриг гӏуллакхаш хийцалуш
хилар: цхьана замано велийнарг кхечу замано велхаво.
Салих ар Ронди
Беттаса кхетале бохуш сихвелла вогӏу Берса пхьуьйран ламазан хенахь Шела чувуьйлира. Тховса иза кхуза вогӏура Маккхалгӏеран дехар кхочушдар ӏалашо йолуш. Винчу йуьрта вогӏуш, даим а цуьнан невцо Данчӏас шен кӏант Болат дуьхьалвоуьйтура цунна. Амма тховса иза ша веанера. Цо Берсега хаийтинера, стенна делахь а, цхьана гӏуллакхна, амма пайда ца бохьуш, шеца милицин йоккха отряд а йалош йуьрта майор Мустапин Девлатмирза веана аьлла.
Берса кхерамах ларван, цхьа шовзткъе итт гӏулч хьалха воьдура Данчӏа. Пурстоьпан конторин цӏеношкахь къегина серло а, чохь хевшиний, хӏиттиний, чу-арадуьйлушший адамаш гора. Амма йисина йерриг Шела, Нохчийчоьнан и шатайпа столица, хьалххе дӏатийнера. Йукъ-йукъа цӏеношкахь, гаттий кораш гӏийла серладаьхна, наггахь чиркхаш догура. Йуьртан йукъах къехкаш, йуьстаха долчу гаттийчу, гомачу урамашкахула воьдура и шиъ. Кетӏахула хӏорш чекхбовлуш меттахъхьов жӏаьлеш, жимма бага а тухий, совцура.
Сема дара тховса Данчӏин мискачу хӏусамехь. Хьешан цӏа чохь цӏенкъа тесначу къорзачу истанга тӏерачу жӏай-гӏантахь, сих-сиха бага а гӏеттош, гоьл тӏе ког а баьккхина, сингаттаме ӏара векъана, хан тоьхна стаг. Цунна уллохь пенацарчу терхи тӏехь богучу чиркхан серлоно къегайора цуьнан белшаш тӏера хьесан погонаш. Некха тӏехь лепара императоран таж, тарраш тӏера шолгӏачу даржан «Святой Аннин» орден, 1837-чу шарахь императоро Кавказехула бинчу некъан хьурматна йелла дато мидал. Кочахь кхозура «Доггах гӏуллакхдарна» аьлла тӏейаздина дашо мидал, андреевски ленти тӏехь лепара «1853–1856-чуй шерашкахьлерчу тӏемашкахь дакъалацарна» йелла борзанан мидал. Царна лахахь йоллура «Нохчийчоьй, Дегӏастий карайерзорна» мидал. Голашна йукъа а лаьцна, ирахӏоттийна дара «Майраллина» тӏейаздина дашо тур.