Сила йоккхачу Россин пачхьалкхна дуьхьало йийр йарий ткъа, сонта ца хилча? Бӏе шарахь гергга эрна ӏенийна цӏий. Кхета дагахь буй ткъа хӏинца а? Бӏаьрг тӏера тиллачу минотехь, тухий, эпсарш, чиновникаш бойъу. Дийнна рота салтий уллохь боцуш хӏокху махкахула дӏасавала йиш йац. Хӏун гӏуллакх ду эрна цӏий ӏено?
– Сонта хиллехь-м, тийна, таьӏна ӏийр бара уьш. Хазахета ца лела. Шайгара уггар тоьллачуьра ах мохк дӏа а баьккхина, лаьхкина хьаннашка, ӏаннашка боьхкича а ца йина, цара дуьхьало маца йан йезара? Шаьш адамаш ца хетча, цара хӏун дан деза? Уьш совцо дукха хӏума ца оьшу, господин Курумов. Йаа сискал, жимма лерам а.
Шен оьмарехь дуккха а девзинчу Курумовс шеквоцуш ладоьгӏура Берсе. Тӏаьххьара а собар кхачийра цуьнан.
– Хьо дукха сиха ву, Берса. И сискал а, лерам а Росси кхерийна йаккха ойла йу шун? Иза аьттехьа а дац. Кхечу къаьмнашна дерг хир ду вайна а. Россис серло йохьу лаьмнашка. Ваьшка эзар шарахь цададелларг цуьнан гӏоьнца цхьана йоццачу хенахь дийр ду вай.
– Иза а хаьа суна, Къосам. Дукхе дика хаьа. Вайн халкъана шена а ца хаьа ша ӏаламан мел доккхачу хьола тӏехь деха. Массо агӏор кхиъначу
Россин гӏоьнца хӏокху махко зазадоккхур дуйла а хаьа. Хенан йохалла Нохчийчохь заводаш, фабрикаш, аьчган некъаш, телеграф хир йуйла а хаьа. Шена мел ца лаахь а, ламанхошна школаш йахка а дезар ду ӏедалан. Промышленностна белхалой безар ма бу. Йоза-дешар ца хуучу белхалочух белхало хир ма вац. Амма кхузара дерриг хьал кӏеззигчу дворянийн а, буржуазин а гӏеранан карахь хир ду Россехь а, дуьненан массо махкахь а санна.
– Амма Россис кху лаьмнашка лакхара культура йохьур йу. Цо вайн халкъан хьекъал, кхетам, дахар хийцина, бӏешерийн бодашкара схьадоккхур ду, Берса. Иза ма дицдел ахь!