– Бераша а дуьйцур дац-кх, ваши, ахь дуьйцург. Цхьа а новкъа а воцуш, хьоьца хьайцца ӏархьама вогӏу-кх.
– Дега хаьттиний ахь?
– Хаьттина, дера-кх.
– Хӏета, тарлур ду.
Гомий, гаттийчу урамашкахула вахана и шиъ эвла йистерчу цӏенойн кетӏахь сецира. Болат урамехь а витина, керта вахана Берса говр йалош схьавеара дукха хан йалале. Хьалхий-тӏехьай говра а хиъна, цхьана боьрахула чу а воьссина, Бассах дехьа а ваьлла, хьуьн чу вуьйлира и шиъ.
– Ваши, хьой, Къосаммий хӏун дуьйцуш вара?
– Ахь хӏун до цуьнан хиъна?
– Иштта… хаархьама. Мацца а цкъа суна оьшур ма ду иза.
– Хьуна хаа ца оьшу баккхийчара лелориг. Мотт беха бу хьан. Багахь сацалур бац.
– Суний? – тӏехьа ша волччохь кхоссавелира Болат.
– Хӏаъа ткъа.
Болат дӏатийра.
– Мара хӏунда лоькху ахь?
– Дика дац, ваши, жиманиг сийсазвар.
– Дага-м, дера, ца деана!
– Ахь… йоӏ эли суна…
– Асий?
– Ахьий.
– Хӏан, хӏинца аьшпаш ботта а воьлла!
– Йуха а сийсазво!
– Ас мел аьлла дош харцахьа хӏунда доккху ахь?
– Дешнаш а хуьлу башх-башха. Амма ас хьуна бехк ца буьллу. Хьо гӏазкхашна йуккъехь ма кхиъна. Вайнехан гӏиллакхаш ца хаьа хьуна.
– Масала?
– Сан мотт беха бу, эли ахь. Мотт беха хьенан хуьлу? Зудаберийн. Аьшпаш буттург а со хили. Вайн устазора, ваши, хьо ненан ваша вацахьара, ас хье йуккъе тапча тухур ма йара хьуна!
Берса гӏадвахана велавелира.
– Хьоьца-м забар йан а ваьхьар вац, Болат. Ахь-м баккъал а вен там бу!
– Ахь и тайпа забарш йахь, сайга сатохалур ду ала хаац суна.
– Вайн веччу ма хила хьо тайпа йишин кӏант!
Болата дегабаам бира. Берсин букъа тӏехьа мара сийсабора цо. Амма иза гена ца дахара.
– Ца дуьйцу ахь? – хаьттира цо хьасталуш.
– Хӏун?
– Шаьшшиннан къамел. Цхьадерг-м хезира суна, амма дика ца кхийтира.
– Тӏаьхь-тӏаьхьа доьхначу долуш доллу хӏара. Хьайна лаахь, сан кӏесаркӏаг чу тапча а тухур ахь, Болат, амма бакъдерг ца аьлча ӏелур вац со. Наха дуьйцучуьнга къайлаха ладоьгӏу боьрша стаг зудчул а оьшу хьуна!
– Мостагӏчун къамеле къайлаха ладогӏарх эхь дац, ваши.
– Дац, нагахь и мостагӏ хьан хьаша а, хьан хӏусамехь а вацахь-м. Хьан дех а, хьох а тешна, Къосам шун хӏусаме веана. Ткъа хьо, цо хӏун до хьоьжуш, къайлаха толлуш лелла!
– Полконак Къосам сан ден а, сан халкъан а мостагӏ ву, ваши!