Цуьнга кхочуш наиб цхьаъ вара – цӏонтаройн Шоӏип. Цундела суна луур ду къеначу Тӏелхагний, къоначу Ботукъаний тӏера вай цхьацца кад мала.
– Бакълоь хьо, Сайдулла, – тӏетайра Алхазан Муса. – Амма ас айса аьлларг Тӏелхаг лахван гӏерташ ца элира. Хьуна нийса хаа лаахь, Тӏелхаг нохчийн эскаран хье хилла ца ӏара. Дуьненна а хаьа Шемал аш вина стаг хилар. Ахульгохь Шемал вохийначу дийнахь Россин когашка йуьйжира Дагестан. Хӏетта йаьккхина Шемалан цӏе йайра. Тхо тешна дара Къилбседа Кавказ гуттаренна а тхешан карахь хиларх. Тӏаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина тӏом шу бахьанехь хилира. Шовзткъалгӏачу шарахь шу ца гӏевттинехь, билггал чекхбаьллера иза. Ахульгохь велла Шемал денвинарш а, цуьнан тӏеман сий айъинарш а шун наибаш ма бара шайн коьртехь Тӏелхаг а волуш. Шоӏип, Ботӏукъа, Бота, Соӏду, Гӏойтамар! Маса вара уьш! Ткъа Юсуп-Хьаьжа Сапаров? Алдара шайх Мансуран йуьртахо. Иза тхоьгахьа ваьлча вевзира суна. Кхузаманан тӏеман ӏилма дара цуьнан коьртехь. Шера хаьара цунна туркойн а, ӏаьрбийн а, Кавказан итт къоман а меттанаш. Кхойтта мотт! Юсуп-Хьаьжа вара Шемалан генеральни штабан начальник а, цуьнан премьер-министр а. Доцца аьлча, имаман хье, аьтту куьг. Шемалан йаьржина имамат европейски пачхьалкхан кепе йалийра цо. Ломара йерриш тӏеман чӏагӏонаш цуьнан куьйгаллица хӏиттийнера. Амма правительшна везац шайл хьекъале, хьуьнаре стаг. Шемална а ца вийзира и хьекъале, хьуьнаре нохчо. Боцу бехк тӏе а ӏоьттина, хӏаллакван дагахь, лаьцна, зиндан чу воьллира цо Юсуп-хьаьжа. Амма иза, ведда, тхоьгахьа велира. Со реза ву царна тӏера кад мала!
Цхьа а чу ма вита аьлла, Мусас омра дарна, хьешашна гӏуллакх деш цхьа а йалхо вацара. Цундела царна кад буттург Мусин ваша Афако вара. Чагӏарх йуьзна маӏаш массара буйна йоьхкича, Сайдулла вистхилира.