къарделла кӏелсовцур ду шу. И муха хета хьуна, Сайдулла?
Шина а куьйга корта а лаьцна, корах ара а вогӏавелла ӏен Сайдулла, цхьа вон гӏан а гина, самаваьлча санна, цӏеххьана доккха са а даьккхина, чухула дӏасахьаьжира.
– Со дуьхьал ву оцу гӏаттамна, Муса. Суна ца лаьа адам эрна хӏаллакьхуьлийла. Амма адам сох тешац. Ас хӏун дийр ду царна?
– Дика ду, Сайдулла, кхидӏа а ладогӏа соьга. Амма, паччахьна муьтӏахь а хилла, севцича, шаьш маьрша дехар ду а ма мотталаш. Шун маршо дӏайахана, кхин цкъа а йухайогӏур йоцуш. Ас дийца ца оьшу шуна, шу мел гаттехь дохку. Паччахьо гӏалгӏазкхашний, шун эпсаршний, элашна ӏалхьастагӏарна, Эльдаровгӏарна, Таймазовгӏарна, Турловгӏарна, Бековичгӏарна совгӏатна декъна латта шайна йухадерзоре сатуьйсу нохчаша. Шуна и латта йухадерзо а, шу, тӏе ка а хьоькхуш, кхаба а ца бина паччахьо шуьца, бӏе эзарнаш салтий хӏаллакбеш, кху дезткъа шарахь и тӏом. Амма хӏинца долчу хьолехь шу дита а ца тарло цуьнан, хӏунда аьлча шайн махкахь аш оьрсий ког хецна баха буьтур бац. Цундела ӏедало шу новкъара дӏадаха некъ лоьху. Цунна и карийна.
Арахь гӏовгӏанаш йевлира. Хезира хьуьхьйоьллачу говрийн йехьар, хоьтту маршаллаш, хӏусамден йоху цӏе а.
– Цхьа оьрсийн эпсар ву, – элира корах арахьаьжначу Афакос.
Мусин чам байра.
– Хӏара мича йуккъехула кхечи! Церан гӏуллакхе хьажахьа, Афако. Со волчохь хьеший хилар а, хӏорш дӏа ца бирзича, сан шайца охьахоуьйла доций а хоуьйтуш, хӏума дехьа. Кху чу ма виталахь цхьа а.
– Тӏаккха, Муса, дийцал, хӏинца хӏун ӏазап дагалаьцна тхуна паччахьан ӏедало? – хаьттира Сайдуллас, Афако араваьлча.
– Ас шуьшинга йуьйцу йерг паччахьан къайле йу, кӏентий. Йуха а боху ас, нагахь вай дуьйцу дерг вай кхаанна йуккъера дӏадалахь, со хӏаллакьхир ву. Со теша шуьшиннах. Гӏуллакх муха ду аьлча, паччахьо чӏагӏйина лаьтташ Лорис-Меликовн план йу ӏаьржачу ломан когашкахула дӏайолу йерриг а шун йарташ цигара дӏайаха. Цхьайерш – Соьлжан аьтту агӏон тӏе, дукхахйерш Жимачу Гӏебарта кхалхор. Изза дагахь гӏебартой туркойн махка кхалхош бу. Ткъа, и йарташ дӏайаьхна, мукъадаьккхинчу лаьтта тӏе керла гӏалгӏазкхийн станицаш йахка ойла йу. Цул сов, Органца хьала а, Ведана хьала а