Муса велавелира.
– Хӏоьттинчу хьолах кӏелхьардовла кхин некъ бац шуна, Россе а дахана, цигахь мацалла, милла лечул йа, хьакхарчий йууш, шайн зударех кхахьпанаш дина дехачул, Турце кхалхар царна дуккха а тоьлуш ду. Цул сов, Кунта-Хьаьжа а, тӏаьхьа лецна цуьнан мурдаш а Россера дӏа Одессехула хӏордаца Уьстамале буьгу кестта. Нагахь жимма а шайн устаз везахь, кхузахь бисина цуьнан мурдаш цунна тӏаьхьа гӏур бу. Ткъа паччахьо шаьш дӏа ца хецарна ма кхералаш. Шу мича даьхьна новкъара дохур ду ца хуучу цунна боккха кхаъ хир бу шу Турце кхалхар. Мелхо а, кхелхачарна гӏо дан там а бу. Иштта хилийта ас сайна тӏелоцу. Россе дӏа а кхоьхьуш, шу цигахь дӏатардан гӏертачул, хецна Турце дӏадахийтича атта дац ӏедална?
– Суна хетарехь, Сайдулла, Мусас дийриг, дикка ойла а йина, дерриг а дуьстина, оьзна, вайна тоьлург къастийна, деш къамел хета суна. Со реза ву хӏокхо дуьйцучунна.
– Резахила-м хала ма дацара, ӏелаха, амма гена меттиг йу-кх Хонкаран мохк. Стаг шен дегӏаца а хала воьду цига. Кху доцчу хьолаца, доьзалш эцна муха гӏур ву? Тӏехула тӏе, Хонкаран паччахьо йаздинчу кехатах тешна, адам меттах муха хьадийр ду? Хьан лоцу шена тӏе, и дерриг а дуьйцуш ма-хиллара чекхдер ду аьлла?
– Ас лоцу-кх, ас! – шен некха тӏе буй туьйхира Мусас. – Цига вай цхьанаметта берриг нах меттахъхьабийр бац. Хьалха дӏабуьгур бу вай оьрсийн паччахьна новкъа болу хьала а, охьа а цо махках баха сацамбина нах. Уьш, пхи эзар доьзал хилахь, кхин хир бац. Уьш а буьгур бац берриш цхьаьна. Кӏез-кӏезиг тобанаш йина, хӏордаца ца буьгуш, ткъа Гуьржийчухула шайн даьхница, сал-палца. Аьтто боцчунна ӏедалера гӏо доккхур ду ас. Новкъахь, Ша Делера доцург, кхин зен-зулам ца хуьлуьйтуш, туркоша царна къастийначу лаьтта тӏе дӏакхачо а тӏелоцу ас.
– Бакъдерг эр дуй ахь, Муса? – хаьттира Сайдуллас.
– Со цкъа а ца лийна харц!
– Масех шарахь нохчийн цӏий ӏенийна ахь. Тӏом чекхбаьлча, цхьана шарахь тхуна тӏехь къиза куьйгалла а дина ахь…
– Амма, со волуш санна, маршо-м йац шуна!
– Иза а ду бакъ. Суна хаа луург кхин ду. Хӏун ду-те хьоьга тхан бала кхачийнарг?
«Изза хаттар дира соьга Лорис-Меликовс а, инарло Карцовс а, ӏела-Пашас а. Хӏун гӏуллакх ду-те сан дагахь