къайле-м хьан цӏе ца йоккхуш йуьйцур йара оха, амма нахе Хонкара махка кхалхаре кхойкхучу хенахь, хьан цӏера тӏе ца тийжича, тхан гӏуллакхан кхиам хир бац. Цунна пурба дуй тхуна?
– Туркойн паччахьца а, цуьнан визиршца а сан хилла къамел а, барт а, цига кхелхачу нахаца со дӏавогӏуш хилар а нахе хаийта пурба ду шуна.
Сайдуллас, Къуръан шена хьалха а оьзна, иза билггал Къуръан хиларх теша лиъна, схьа а диллина, кехаташ хаьрцира.
– Ас, ӏуспанан Сайдуллас, хьалха Дела а, шолгӏа шу ши стаг а теш волуш, дуй боу, Алхазан Мусас аьлларг, нагахь иза сан сий дойъуш а, Далла дуьхьал а дацахь, дерриг кхочушдан а, тхаьшна йуккъехь хиллачу бартана йамарт ца хила а. Со йамарт хилахь, кхушинна сайн цӏий хьанал до ас, кхушиннах йамарт хиллачунна тӏехь кхел хӏотто тӏе а лоцуш!
Оццу дешнашца ӏелаха дуй биъна ваьлча, Мусас цаьршинга ахча кховдийра.
– Хӏан, цкъачунна хӏара цхьацца бӏе туьма ду шуьшинна. Дисинарг дӏаоьцур ду ашшимма вайн гӏуллакх дӏадахаре хьаьжжина. Цул сов, ӏабдул-Межида нохчашка йаздина хӏара кехаташ а ду шуна. Цара боккха аьтто бийр бу шуна гӏуллакх кхиамца вовшахтоха. Вай схьалаьцначу некъа тӏехь Дала аьтто бойла шун!
– Амин!
– Шайн гӏуллакх дӏа муха доьду дуьйцуш, сих-сиха хаам бер аш. Вайна буьйса йоьлла. Тахана сарралц некъ бина шуьшиъ а кӏадвелла хир ву. Цул сов, соьга хьоьжуш хьаша а ву. Ас, Афока волчу а вахана, иза схьавоуьйту шуна. Тховса дика садаӏа, кхана хиндерг Делан карадуьллур вай.
Шолгӏачу дийнахь хьеший дӏа а хьовсийна, цӏа вирзинчу Кундуховс доцца кехат йаздира Лорис-Меликовга:
«Хьан Локхалла, Михаил Тарелович!
Наибе Сайдулле дуьххьалдӏа а, кхетош а дийцира ас, хӏинца шаьш болчу хьолехь битинчу нохчашна хиндолу зен а, оцу хьолехь уьш бита таро йацар а, ткъа оцу хьолехь баха резабоцчарна, хӏара мохк а битина, Турце кхалхар тоьлуш хиларх уьш кхето безар а. Сайдулла массо кепара соьца резахилира, шайн гергарчу нахаца цхьаьна шаьш уггар хьалхарчаьрца кхелхина цига дӏадоьлхий а хоуьйтуш, ма-хуьллу сиха халкъ дӏакхалхор хӏоьттинчу хьолах и кӏелхьардаккха цхьаъ бен боцу некъ хиларх а тийшира. Со санна, иза а тешна ву, адам дӏакхалхар зен-зулам доцуш, машаре чекхдериг хиларх, иза