дӏатевжира.
– Истори кегор йац вайша, – элира Игнатьевс. – Тхо тхаьш хилла ца ӏа ламанхойн бохамашна бехке. Шун дакъа а дац хӏумма а кӏезиг.
– Хӏан-хӏа, граф, хабаршца кӏелхьардовлалур дац шу. Тхо дац ламанхойн йарташ йагийнарш, йалташ хӏаллакдинарш, масех къам, цхьа стаг бухахь ца вуьтуш, махках даьхнарш.
– Аш тхуна дуьхьал кӏамбора уьш. Даим дӏа царний, тхуний йукъа питанаш туьйсуш. Уьш ницкъ эшна кӏелбисча, кхуза схьакхойкхуш, царна йукъа прокламацеш йаржийра аш.
– Бакъ дац иза! Бакъ дац! Тхан цхьана а тайпа зӏе йацара нохчашца!
– Малхбузерчу ламанхошца йара массо а хенахь. Кхуза схьакхалхахь, шаьш Дала долуьйтур ду аьлла, дош ца деллера аш царна?
– Цхьа масех эзар доьзална. Амма ца аьллера тхаьш масех халкъ тӏелоцур ду-м!
– Шаьш апари дастале, хи мел ду хьовса дезара, рейс-эфенди.
– Аш ӏехийна тхо, граф. Иэхь ца хеташ, ӏехийна. Ламанхошна йукъа султанан цӏарах прокламацеш а йаржийна.
– Оха тхайггара ца кхоьллина уьш. Аш йазйинарш керла зорба а йетташ, йаржийна. Шуьга къа ца хьегийта. Доцца аьлча, рейс-эфенди, шун кхайкхамаш ца хиллехьара, ламанхой богӏур бацара кхуза.
– Оха ца кхайкхина уьш йа дог а ца дахийтина, граф. Амма, схьакхаьчча, неӏ тӏе а къевлина, йуханехьа а ца хьовсийна. Бакъдерг кхечахьа доллу. Шун ши корта болу аьрзу цига ца хьаьвзинехь, и ламанхой цкъа а шайн лаьмнашкара дӏабевр бацара.
– Изза олийла ду сан эзарнаш эрмалойх а, балкански славянех а. Шун къизаллех бевдда, уьш а кхелхира Россе.
– Амма царах дукхахберш шайн махка йухабирзира!
– Ламанхой а бу Россе дӏаоьхуш! Хӏета, нисдели-кх вай.
– Хӏан-хӏа, граф. Хийцамаш буьсу. Россера йухабогӏу керстанаш оха дуьхьало йоцуш тӏеоьцу, ткъа кхузахь совца реза ца хилла, Россе дӏагӏерта ламанхой аш шайгахьа дозанал дехьабовлийтац. Делахь а, кхин къуьйсур дац вайша, граф. Нагахь санна тхуна, туркошна, варварш хила лаахь, европейцех ӏама деза тхо.
– Хӏета, иштта хуьлуьйтур вай, – тӏаьххьара а тӏадам тоьхна, чекхдаьккхира Игнатьевс и шена кӏордийна эрна къамел.
Цхьана ханна дӏатийра и шиъ, ойланашка а ваьлла.
«Нагахь, баккъал а, хӏокхара нохчий, схьа ца бохкуьйтуш, совцабахь? – шен дуьхьалонах шеквуьйлура ӏела-Паша. – Тӏаккха