Бакунин мел анархистски амалш йолуш велахь а, Марксана хазахийтира тахана шена иза гар. Россех йоккха дегайовхо йара Марксан. Тахана цкъа царизман буйнахь йоллу Росси дуьненайукъарчу реакцин чӏогӏа гӏортор йелахь а, Маркс тешна вара тӏейогӏучу хенахь дуьненан халкъийн революционни центр цига йоьрзург хиларх. Цундела цигарчу революционерашца хаддаза зӏе латтор чӏогӏа оьшура цунна.
– Цигаьрка узий ахь? – диллина цигаьркийн гӏутакх Бакунине дӏакховдийра Маркса. – Хьо маца кхаьчна кхуза?
– Масех де хьалха.
– Кхузахь саца ойла-м йац хьан?
– Хӏинца цкъа-м йац. Зудчуьнца Итале воьдуш ву со.
– Дукха ханна?
– Хаац. Ойла-м, са а доӏуш, цхьана шарахь цигахь ӏан йу.
Маркса, лата а йина, сирник кховдийра Бакунине.
– Россехь долу хьал хаьий хьуна? – хаьттира Маркса, шен цигаьрка а латийна.
– Кӏезиг хаьа. Хьан корреспонденташ ма бу цигахь.
– Хӏаъ. Гӏуллакхаш дика дац хьан декъазчу даймахкахь. Польски гӏаттам а хьаьшна хилар суначул дика хаьа хьуна. Кавказан ламанхошца дерг а чекхдаьккхина. Ах миллион чергазий, лоьхкуш, Турце, хӏордал дехьа боху. Реформина резабоцуш карзахбевлла муьжгий а цӏарций, шпицрутенашций, серагашций берта балош бу. Доцца аьлча, оьрсийн царизм шен сатийсамийн лакхенга кхаьчна. Ткъа хьайн деятельность муьлхачу агӏор йерзо ойла йу хьан?
Бакунина, боккха баьккхина кӏур, чу а оьзна, татанца арахийцира.
– Суна хьалха цхьаъ бен некъ бац. Аш кхоьллинчу организацех чӏогӏа воккхаве со. Цхьа а тайпа дӏасахьийзар доцуш, цуьнан магӏаре хӏуттур ву-кх. Польски гӏаттам дӏабаьллачул тӏаьхьа социалистически боламехь дакъалаца сацам хилла сан.
Маркс леррина Бакунинан хьекъалечу бӏаьргаш чу хьаьжира.
– Суний, Энгельсний чӏогӏа хазахетар дара, хьой, Герценний Интернационална йукъавеача, – элира цо. – Амма тхуна оцу организацехь бакъболу интернационалисташ беза. Новкъа ду вайн идейни хьежамашна йуккъехь йаккхий галморзахаллаш хилар.
Цигаьркан йуьхьиг чимтосурга чу а таӏийна, гоьл тӏе ког баьккхира Бакунина.
– Тхойша интернационалист вац бохург ду-кх иза?
– Верриг вац. Герцен вуьззина панславист ву, ткъа хьо а, хьомсара Михаил, цунна дукха гена ца ваьлла.
– Шун агӏорхьа мелла а