цхьа хьаькам цхьанхьа оьций, вохуьйту. Тахана-м цӏахь виси со аьлла, сайн гӏуллакх дан кечвеллачу меттехь, воккхий, цхьана агӏор дӏавохуьйту. Йа хьажжийначу дӏаваха веза, йа гӏуда такха деза. Шортта хьал делахьара-м, ӏедална гӏуда а тоькхуш, цӏахь ӏийр ма варий.
– Ас-м забар йора, ӏела, – йухахьовзийра Андрейс, ша олучух ӏелина забар ца хуьлий а хиъна. – Йоккхачу стагана шера хаьа, хьан аьтто боцийла.
– Ткъа Ванка хӏун деш ву? Зуда-м ца йалийна хӏокхо?
– Ванях стаг хилла. Стохка зуда а йалийна оха цунна…
– Эхӏ, Андри! Кхин эхь ца хетий хьуна! – баккъал а дегабааме велира ӏела. Шен коьртара баьккхина куй баьрче кхоьссира цо. – Ишттачу метте тхо догӏур ма дара, кху цӏенойх цӏе йаьллехь а. Хӏорш дага а дитина. Дийца оьшуш дац, ледара хьеший ду вай. Къонах вац вайша ший а!
Воьхна Андрей шен йуькъа ӏаьржа маж, ахкарца санна, пӏелгашца шарйан вуьйлира.
– Айхьа хӏун дуьйцу хаьий хьуна, ва ӏела? Шун шайх лаьцна, Шелахь нах байъина йукъ ма йара иза. Хӏинций-хӏинций тӏамца шу станицашна тӏедогӏу бохуш, буса тоьпаш марахь буьйшура гӏалгӏазкхий. Вуьшта а гӏоьртина долу вайна йуккъера хьал! Цхьана вуьзна хьерваьллачу гӏалгӏазкхичо шуна зулам дича, соьга лалур ма дацара. Ӏедалца къийса ницкъ ма бац со санначу мисканан. Тохара хьой, Айзий дуьххьара тхан станице деача, шаьшшинна тӏехь хӏоттийнарг дицделла хьуна?
Стерчий паргӏат а даьхна, чуйеанчу Айзас йукъахдаьккхира кхушиннан къамел.
– Богӏий суна кхаъ? – йоьлуш, Андрейга а хьоьжуш, хаттар дира цо.
– Бан-м муххале а богӏура хьуна иза, амма чам бац-кх цхьа доккха хазахетар хьуна дан ницкъ бацар!
– Хаьий хьуна, ӏела, тахана схьакхаьчча, сан мел таро йоьхнера? Хетта а, дийца а дезаш дукха хӏуманаш дара, ткъа тхойша вовшийн маттах ца кхетара, – Айзегахьа корта ластийра Андрейс. – Хьо а, Аьрзу а цӏахь ца карийна, таро йоьхнера сан. Амма ӏумарца сихха йукъара мотт карийра тхуна. Къаьсттина чӏогӏа доттагӏалла тасаделла кхуьнан сан накъостца
Яшкица. Айза дуккха а хийцайелла хьалхачул. Тхан зударий баккхий мел хуьлу стамло, шуьниш азло.
– Тхан хилац берстина нах, стеган дегӏ дуткъа, элдара хила деза. Веллавала со делаӏ, уггар хьалха хатта везарг вицвина ӏаш ву-кх со! Хӏун