ӏуьйшуш ду. Дерриг тхан рицкъа лаьттаца ма ду. Цунах хаьдча, тхо делла. Къоьллина а сатухур дара оха. Амма ӏедало тхаьш сийсаздар ца лало. Муьлххачу а оьрсичунна ша тхан хьаькам хета. Ша тхуна хӏуъу дан мега, моьтту. Тхан лаг ши корта болчу аьрзуно ӏуьйду. Де дийне мел дели, мӏараш къуьйлу цо. Хьаннаш, хьоькхуш, йагош, хӏаллакйо. Тхан чӏагӏо дӏайаккхархьама, массо маьӏӏе гӏаьпнаш йоьгӏна, уьш эскарех йуьзна. Кхана ӏуьйрре эр ду, хӏан-хӏани, нохчий, охьадиллал герз, довлал салт, дитал шайн дин. Резавоцчунна сийна Сибрех йу шуна. Хиндерг ма ду иза. Цунах бевдда боьлху нах.
Андрей вист ца хилира. Ӏелас дуьйцург цхьадерг бакъ дара. Андрейна тахана дуьххьара гинера нохчийн йурт, церан ӏер-дахар. Тӏе латта тесна йа гӏодмашца къевлина тхевнаш долу миска цӏенош. Цхьана а корана тоьхна ангали дац. Цигашха лецна стерчийн ахкаргаш ду йа тӏелхигашца, йа хьардашца дуьхьалонаш йина. Чекх дарц хьийзош неӏарш. Чохь йиллина товханахь йагочу цӏаро ӏарждина дерзина пенаш. Ӏаьнан заманахь чуьра арадовла йиш йоцуш, оцу кӏуьрехь хан тоькху дерзина бераш. Баккхийчарна тӏехь а дац мегарг чоа, кетар. Тӏехула аьчган мекха текхийча санна, кердигаш тийсина йу бедарш.
Тахана Андрейгӏар баьхкина йуьрта кхаьчча, дуьхьал мел кхеттачо, сецош, кхушиннан куьйгаш лоьцуш, маршалла-деналла хоьттура. Шайгий-шайгий кхойкхура. Иэшахь, гӏо кхийдадора. Иза церан гӏиллакх дара. Гуттар тӏом карзахбаьллачу шерашкахь а иштта тӏеоьцура цара машарца шайн йуьрта веана оьрси. Цуьнан гӏуллакхе а хьовсий, и кхочуш а дой, могаш-маьрша цӏа хьажавора. Бекхам цара кхечахьа оьцура. Тӏеман арахь. Герз карахь шайна дуьхьалваьллачохь, герз карахь тӏамца шайн йарташна тӏегӏоьртинчохь. Царна хӏинца а хаац оьрсийн халкъан шайца мостагӏала доцийла, шаьш санна, иза а паччахьан ӏедална кӏел гӏело хьоьгуш дуйла. Ца хаьа дукхахболчу гӏалгӏазкхашна и тӏом а, хӏара денна хуьлу тийсадаларш а, хаддаза ирло хӏара мостагӏалла а кӏордийна сих, пехех чекхдаьллийла, шаьш санна, цара а машаре, маршоне сатуьйсийла.
Оцу жимачу халкъана тӏехь хӏоттийначу харцоно, къизалло дог огура Андрейн. Цунна ша бехке волуш санна хетара.