шатайпа башха йара. Дечиган, наггахь эчиган а гӏоьнаш тӏе, ӏаддаргӏа санна, хьовзош тоьхна лекха хӏазарш схьа а лоций, нийсса ира а хӏуьттий, хоьхкура цара уьш. Гу тӏера охьа чу уьш хецабелча, мотталора, уьш цхьана нуьцкъалчу ӏодаца кхуьйсу. Цхьаццанхьа, залк-мулк йолчохь, кхийсалуш, хӏаваэхь айъалой, масех гӏулч гена боьлхура. Махехь ловзура эттӏа гӏовталш, кетарш, коьртара дуьйлуш, дӏакхийсало кердагдийлла кхакханан куйнаш. Эттӏачу бедаршна йуккъера схьакъедара шелонна цӏиййелла, сенйелла меженаш. Охьабетталора, лазабора, амма, шайн салазаш белшех туьйсий, йух-йуха а гу тӏе хьалабуьйлура уьш. Салазаш шайга а наггахь хахкийтарга догдохуш, милла бегош, хӏиттина лаьттара шайн уьш йоцурш. Къаж а, лоьдгаш а чуйехкинчу тишачу неӏармачаш чохь шелло когаш бохбан гӏерташ, куьйгаш чучча пхьуьйшаш чу а доьхкина, куйнашла бахана, шаьш лаьттачохь ирхлелхара цхьаберш, вуьш, леташ, керчаш, ловзура.
Андрейна тахана дуьххьара гора нохчийн эвлан машаре дахар. Нохчех лаьцна зорбанехь йаздийриг, цхьаболчу станичникаша дуьйцурш, хӏинца хӏокхунна гуш дерш аьттехьа а цхьаьна ца догӏура. Цаьрга ладоьгӏча, хӏара ламанан бахархой шайн доьзалш, гергарлонаш, доттагӏаллий ца лоруш, цӏийна сутара, денна вовшийн къамкъаргаш хедош, къоланан бен, кхин ойла ца йеш, «стешха», «акха» нах бара. Андрей цкъа а ца тешара оцу аьшпех, амма хӏинца шена ма-гарра хӏорш хир бу а ца моьттура. Хӏокхарна-м ца оьшу цхьаьнцца а мостагӏалла. Хӏорш-м бац шайн мискачу тоьланашкара арабовла де долуш. Хӏор а воллу милла, мацалла ца вала гӏерташ. Къизачу тӏамо аьтта, талийна, ах хӏаллакбина. Дийна бисинчийн синош а цхьа тай тасаделла кхозу. И тай ца хадийта гӏерташ, шайн ма-хуьллу цунах тийсалуш бохку.
«Мисканаш-йаӏ, ма дукха хӏума ца оьшура-кх шу ӏехо, – ойла йора Андрейс, йуьрте бӏаьрг а бетташ. – Ма адамна новкъа хир дацара шу, кху шайн лаьмнашкахь шаьш дитича. Гора, адаман сутаралла, йаӏ! Ма боккха болх бу ахь нахе вовшийн ӏенадойту цӏий. Мел доккха ду хӏара дуьне, мел дукха ду дуьненахь эрна ӏуьллуш латта! Адам кхин хӏоккхул бӏе эзарза алсам хилча а, тоьур йара кху ӏаламан токхо. Амма тоам ца бо. Сутара ду адам.