Шаьш даккхий хиларе сатуьйсура. Иштта хьуьнарш гайта. Даймехкан, халкъан маршонехьа къийсамехь. Тӏаьххьарчу дийнахь, лекхачу лома тӏе а ваьлла, дуй биира оцу кхааммо, шайн дахар халкъан маршонна дӏадала.
Тховса а вац уьш кхоъ шайн нийсархошца, ткъа ӏелин хӏусаме веана, баккхийчаьрга ладогӏа. Кхузахь дуьххьалдӏа баккхийниш хилла ма ца ӏа. Масала, Аьрзу. Даим буьрса, ойлане йуьхь, шуьйра белшаш. Цуьнан шовзткъа шо а дац, амма гӏараваьллачу нойбоьрахойн Эскин бӏаьнехь уггар майра пхибӏенча хилла иза. Цунна уллохь ву молла Маккхал. Молла цӏе йелахь а, амма иза молла вац. Дуьххьалдӏа ӏаьрбийн лакхара дешар дешна цо. Шен хаарш, дахар маршонан гӏуллакхна дӏаделла. Йийсарехь хилла гена Россехь. Уьстамала а вахана, дуьненан дуккха мехкаш, халкъаш а гина.
Амма массарел а тамашийнаниг Берса ву. Хьалдолчу совдегаран кӏант. Петарбухехь эпсарийн ишкол чекхйаьккхина цо. Генна мехкашкахь а хилла. Майраллина паччахьо ордалш а йелла цунна.
Оцу кхаангара дукхе-дукха тамашийна а, хьекъале а хабарш хезар ду кхаа кӏантана. Баккхийчийн хьехамаш мацца а цкъа, хӏорш кхоъ воккха хилча, пайдехьа хир бу царна. Уьш маршонехьа къийсаман новкъа бевлча.
Хӏорш хӏума йиъна бевлла а, Айзас шун дӏаэцна а дукха хан йара. Кхаа кӏанта леррина ладоьгӏура Берсин а, Маккхалан а дийцаршка. Коьрина а, Къайсарна а керла ца хила а мега и хабарш. Уьш цхьана йуьртахь ма беха. Хӏара Берса а вогӏу кхуза кест-кестта. Амма дӏога къорачу лаьмнашкахь, жимачу йуьртахь вехачу ӏаьлбагна хьалха оцу хабарша керла дуьне схьадоьллу. Россехь, кхечу мехкашкахь йаккхий шахьарш, хаза гӏаланаш йу, боху. Даккхийчу хиш тӏехула лелаш кеманаш, эчиган некъаш тӏехула лелаш цӏерпошташ. Цӏеран ницкъаца лела, боху, уьш. Вовшашна генахь болчу наха эчиган сераш чухула вовшашца къамел до, боху. И дерриг ӏаламат ӏилманчаша кхоьллина, тов, цхьана йаккхийчу ишколашкахь дешначу.
Доллучул а ӏаьлбаг цецвоккху оцу хьолечу мехкашкахь дехачу адамех дукхахдерш къен, цхьа а тайпа бакъо йоцуш деха, ткъа и сила долу хьал цхьакӏеззигчу нехан карахь ду бохучо. Теша хала ду герз карахь Нохчийчу богӏу и майра оьрсий шайн даймахкахь лайн хьолехь беха бохучух.