Ӏаьлбага ладоьгӏура, садаӏа а кхоьруш. Оххӏай, ма хаза аьлла цо: «Ма хаза бу хьо, маршонан буьрса мохк…»
Цигахь мостагӏ вер зулам ца лору,
Доттагӏалла тешаме ду, цул а тешаме – бекхам;
Цигахь диканна дуьхьал – дика, цӏийна дуьхьал – цӏий,
Цабезаман а доза дац, безаман санна…
Иэрча ду хиллачех дийцарш.
Къеначу нохчочо –
Казбекан баххьийн мискачу кӏанта,
Лаьмнашкахула суна некъ гойтуш,
Мацах цкъа хиллачух дийцира суна…
Берсас йоьшура, йоьшура назманаш. Ӏаьлбаг цхьаъ хилла ца ӏара ладоьгӏург. Массо а йийсаре лаьцнера цара. Ши бӏаьрг дӏа а хьаббина, назманийн боларца шовкъе дӏасатехкара Маккхал. Мостагӏ тӏелетта ламанхошна. Бахархой дӏаоьху даймахкара…
Хӏун ду-те, дайн кешнаш дитина,
Къарбелла уьш махкахбовлуьйтург,
Хийраллехь ирс лаха уьш арабаьхнарг?
Мухьаммадан оьгӏазло? Йа шайхийн хаамаш?
Хӏан-хӏа! Лаьмнашка шийла кхаъ кхаьчна.
Кхераме, дог къиза мостагӏ вогӏуш ву, боху,
Дерриг дуьне а цунна кӏел ду, боху,
Хьесап дан ца ларрол цуьнгахь ницкъ бу, боху…
Хийрачу махка дӏаоьху ламанхой, даймехкан кешнаш а дуьтуш…
Амма маршо, маршо турпална
Сийлахь йу даймехкан синтемал:
«Оьрсашна хӏуьттаренна, цадашаре
Дуьтур вай дерзина лаьмнаш,
Буьрса Бештау, хьуна тӏедохка
Хьовсур уьш болатан буржалш…»
Мел доккха хьекъал, къармазалла йу иза! Ламанхошка ма боккха безам бу оцу стеган!
– Хьан йазйина и исбаьхьа байташ? – хаьттира ӏаьлбага, са а ца тохаделла.
– Оьрсийн цхьана къоначу эпсаро йазйина уьш. Цуьнан чӏогӏа дог лозура ламанхойх, царна дуьхьал тӏом бен паччахь, сийсазвеш, ӏоравохура цо…
И бераллахь ваьхна йурт а,
Маьждигаш, машаречу йартийн баннаш –
Дерриг а хӏаллакдин оьрсийн тӏемалочо…
. . . . . . . . . . . . . . . . . .
Йарташ йогу: орца дац царна,
Мостагӏаша байъина даймехкан кӏентий.
Цӏерийн меттанаш метеорех догу,
Бӏаьрг кхеттарг ӏадавеш, мархашлахь ловзу.
Дерачу экханха цамзанаш буйнахь
Машаре хӏусамашка толамхо лелха.
Къенаниш, берашший цо къиза дойъу,
Ткъа цӏеша цӏийдинчу куьйгашца
Цо къона наной а, мехкарий а хьоьсту…
Дукха хенахь дуьйна бӏаьрхиш хӏун йу ца хиъна ӏаьлбаган бӏаьргаш хих буьзира. Кхечахьа-м, уьш нахана ца гайта, лийр вара иза. Амма хӏинца цунна ца гора чохь берш.