дуьхьал гӏеттича, цунах дог а лезна, цунна сайн ницкъ кхочу гӏо дан, цуьнгахьа велира со. Амма, и къийсам эрна буйла хиъча, оцу къийсамехь сайн халкъ хӏаллакьхила гергадахча, боданечу имамо а, цуьнан наибаша а сайн халкъана цкъа а маршо, серло лур йоцийла хиъча, Шемалах дӏакъаьстира со. Сехьа а ваьлла, сайн берриг ницкъ оцу иттанаш шерашкахь эрна ӏенош долу халкъан цӏий сацорна тӏе, кху лаьмнашкахь ма-хуьллу сиха машар, синтем хӏотторна тӏебахийта.
– Ткъа ахь оцу хьайн халкъана дуьхьал тӏамехь дакъалацарх муха кхета веза?
– Оцу тӏамехь дакъалацар а ду тайп-тайпана. Цхьаболчара адамаш дойъура, йарташ, йалташ, бошмаш, цанаш йагайора, ткъа со сайн ницкъ ма-кхоччу и къизаллаш ца хилийта гӏиртира. И дерриг а Далла дика хаьа. Кхин цхьа бахьана а дара со оьрсашкахьа валаран. Девлатукъа цӏе йолуш майра, тешаме, оьзда доттагӏ вара сан. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш, цхьана нехан харц маттаца иза вен кхел йира имамо. Иза бехке цахиларна тоьшаллаш далош, цунах къинхетамбар доьхуш, дукха корта биттира ас Шемале. Амма имамо со тергал ца вира. Сан доттагӏ вийра. Суна хаьара, сайх а изза хир дуйла, со а коьртах вала гергавуйла. Имамна бӏаьрга ван ца везара шел майра, хьекъале, оьзда а стаг. Шен аьтту куьг, шен коьртан хье хилла лаьттинчу алдахойн Юсуп-Хьаьжех хӏун дира имамо? Лаьцна, Дегӏастанан къорачу лаьмнашка а вигна, зиндан чу тесира. Ведда Барятинскийна тӏе ца веанехь, цигахь холбатахь велла хир вара иза. Изза кхоллам кечбинера Шемала суна а.
Фон Клингер, белшаш хьала а тухуш, муцӏар а саттийна, дӏатийра.
Муравьев хьалагӏеттира.
– Господа эпсарш, и къамелаш дитий вай? Историно а, хено а къастор ду харц мила хилла а, бакъ мила хилла а. Ткъа хӏинца, господа, кху комаьршачу хӏусамера арадовлале, хӏусамден цӏарах цхьацца кад малар вайн декхар хета суна. Дӏалацал бокалаш. Хьомсара Хурда, цкъа а ирс, беркат ма оьшийла хьан хӏусамера! Ахь дагалаьцнарг дерриг кхочушхуьлда хьан! Цуьнан локхаллин областан начальникан Лорис-Меликовн цӏарах ас баркалла олу хьуна тахана ахь доггах динчу гӏуллакхна.
– Баркалла хьуна, хьан оьздалла. Со воккхаве сан мискачу хӏусаме шу дахкарх. Цуьнан локхалла Лорис-Мелик а,