гӏоьртина, кхечахьа ца баьллехь, хӏинца а цигахь хир бу. Дукха хан йу Варина шен зуда а, бераш а ганза. Дукха хан йу иза ша винчу йуьртахь хилаза а. Валлал кӏордийна цунна, меца борз санна, хьаннашкахула, лаьмнашкахула лела. Амма цӏа воьрзийла а дац. Цуьнан машар бац паччахьан ӏедалца.
Хӏунда?
Оцу хаттарна жоп доца ду: Варина а, дерриг халкъана а маршо йеза. Хӏара лаьмнаш маьрша хила лаьа цунна. Хӏара шен гӏорйоьлла ворта паччахьан дукъа кӏел йоьллина, лай хилла ӏен лаац цунна. И ду оцу дезткъа шарахь цаьрга герз охьа ца дуьллуьйтург, цаьрга шайн а, кху шайн махка а баьхкина шайх летачийн цӏий ӏенадойтург. Цхьана а инарлин, цхьана а паччахьан бакъо йац, Варин хӏусаме а иккхина, иза а, цуьнан доьзал а, ара а баьккхина, кхузахь долахо хилла охьахаа. Вара а, цуьнан да а, дендай а, цуьнан халкъ а ца гӏиртина цхьаннен а хӏусаме, цхьаннен а махка, цара куьг ца айъина цхьана а халкъан маршонна тӏе. Хӏара паччахьан инарлаш кхуза бахккалц, Варин дай тийна, таьӏна ӏийна кху лаьмнашкахь. Шайн лаьттан коржамаш тӏехь болх беш, шайна кхачанна дийначу экханан бен, кхечу садолчу хӏуманан цӏий ца ӏанош. Цӏеначу дагца безаш хьеший тӏе а оьцуш, шаьш хьошалгӏа а боьлхуш.
Варин шовзткъе итт шо ду. Тӏеман цӏергахь ваьлла иза дуьнен чу. Ша хаъал хилчахьана, даим а цунна гург цхьаъ ду. Тӏом. Цӏий. Цӏе. Кӏур. Маьхьарий. Узарш. Вара витац шен хӏусамехь ваха. Хьо вац оцу хӏусаман да, шаьш ду, боху. Тӏаккха эцна Варас дайх дисина герз кара. Амма Варин ницкъ ца кхаьчна шен цӏа паччахьан инарлех лардан, эхь ца хеташ, когаш хецна, паргӏатваьлла, шен хӏусаме охьахиъна мостагӏ араваккха. Ницкъболуш ву оьрсийн паччахь. Хьесап далур доцуш, дукха ду цуьнан эскарш, йаккхий тоьпаш. Вара ца ларийна цаьрца. Вара а, цуьнан дай а тешна бара шайга герзаца и мостагӏ лаьмнашка ца воуьйтуш сацалург хиларх. Йерриг а церан дегайовхо шайн майраллех, доьналлех, шайн даймахке болчу безамах, тешамах, хӏокху йуькъачу хьаннех, лекхачу лаьмнех йара.
Амма церан майралла а, доьналла а, даймахке дозадоцу боккха безам, тешам ца ларийра оцу нуьцкъалчарна йукъахь а нуьцкъалчу паччахьна дуьхьал. Инарлаша хӏаллакйора йарташ, бошмаш, хьаннаш, дагадора йалташ,