йижарийн кешнийн баьрзнашка, сийсазбинчу даймахке, кхузахула курра волавелла лелачу мостагӏчуьнга а хьоьжуш, лаьмнийн чӏажаш декош, нанна хьежош цо йечу йаппаршка ла а доьгӏуш, мостагӏчун лай хилла даха деза-те хӏара декъаза жима халкъ? Тӏаккха, ша боьрша ву аьлла, зудчуьнга вист муха хила веза Вара? Тӏаккха, велча, эхартахь дайшна, наношна, хӏара лаьмнаш, маршо ларйеш турпала эгначу бӏаьхаллин накъосташна дуьхьал муха хӏотта веза Вара?
Хӏан-хӏа, мостагӏчунна тӏехь толам ца баккхалахь а, иза къарвелла соцур вац. Иза ша цхьаъ летар ву, цо цхьамма бекхам оьцур бу шен халкъерчу бохамна бехке болчех.
Дукха а, йеха а ойланаш йинчул тӏаьхьа, и сацам тӏе а эцна, шен цӏа а, доьзал а битина, дарйина борз санна, кхерсташ лела хьуьнха вахара Вара.
Вара, атагӏойн Вара, хьалхара вара халкъан бекхамхойн новкъа ваьлларг. Тӏаьхьа цӏарна а цӏейаханчу нохчийн обаргийн дуьххьарлера сирла седа хилира цунах.
Варас къинхетамза бекхам оьцура олаллахойх, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу динехь белахь а. Хьолахочун бахам схьабоккхура, мискачунна дӏабоькъура. Иза кхочура Теркал дехьа а, салойн аренашка а, тӏелатарш дора нохчийн йарташна, тӏеман гарнизонашна, кӏелонаш йора хьаннашкахь, чӏажашкахь. Массанхьа накъостий, доттагӏий бу цуьнан. Гӏалгӏазкхийн станицашкахь а, Гуьржийчоьнан, Дагестанан, Хӏирийчоьнан лаьмнашкахь а. Цигахь массанхьа цкъа а машар хир боцуш мостагӏий а бу. Паччахьан инарлаш тӏе ца кхуьучу, бӏаьргана гуш доцчу доккхачу эскаран баьчча ву Вара. Цуьнан бӏаьхой бу кху ӏедале, цуьнан йолахошка цабезам болу нохчийн, луларчу къаьмнийн а берриг къехой.
Шелахь цӏий ӏаьнначул тӏаьхьа шина тобане бекъабелла нохчийн баьччанаш. Шена йуккъехь лаккхара динадай болчу цхьана тобано Эвтарахь туп тоьхна. Оцу тобано ӏедалца барт-машар а лоьху. Шайна аьтто хуьлучу агӏор.
Царах дӏа а къаьстина, Бенахь туп тоьхна Нохчмехкан бӏаьхаллин баьччанаша: бенойн Солтамурда, майртуьпхойн Шоӏипа, зумсойн Дадас, гатийуьртахойн Аьрзус, Маккхала, шелахойн Берсас а. Вара Бенарчу тхьамданашна тӏаьхьахӏоьттира. Амма дӏайаханчу аьхка, шайна тӏе а кхайкхина, цара сацамболлуш дихкира Варина