Шаьш хьегначу къих изза хиларна кхоьруш, йалташ дерна кечам ца беш ӏара Гати-Юьртара дуккха а нах.
Мӏаьчига ша тӏеоьцу сацам шортта ойла а йой оьцура. Цкъа биначу сацамна тӏера йуха а ца волура. Шахьбин гӏоьнца кхелхачийн списки тӏе а йазвелла, новкъа вала кечам бан вуьйлира иза. Дерриг а дӏадоло дезара паспортна тӏера. Кхелхачарна паспорташ дахар шена тӏелецира Хортӏас. Делан дуьхьа доцуш, ткъа хӏораммо а шена цхьацца туьма делча. Иза шена оьцу-м, ца бохура цо. Пурстопана а, округан начальникна а шун хӏоттой, Буритӏахь хьаькамаш хьастий деза шена, бохура. Кхалха луурш дукха бу, ткъа ӏедало уьш массо цхьана шарахь дӏа ца хоьцу. Шен куьг хьаьстинчун гӏуллакх до. Дерриг дӏадолало пурстопна тӏера. Кхалха безарш, йазбой, цо округан начальнике дӏало, цо, цигахь луьттий, Буритӏа шел лакхарчуьнга хьала ло. Цигахь сардало чӏагӏбо. Хӏетте а, паспорташ йаздечара гӏуллакх ца до, шайна жим-тӏама хӏума ца йелча. Цул сов, Хортӏас кхин гӏуллакх а дира Мӏаьчигна. Сту эца ӏедалера кхо туьма даьккхира цунах ах шена лург. Тӏаккха, паспорт хьайн карахь долуш санна, шеквоцуш новкъа вала кечамбе, элира цо Мӏаьчиге.
Кхин йохка хӏума-м йацара Мӏаьчиган, шен йетт а, старгӏа а дохка тахана Оьрза-Гӏала веанера иза. Йуххехьо, Шелахь а, дера, йара керла йиллина базар-м. Амма цига дукха адам листалора. Хьастагӏа цу базарахь де дайъира Мӏаьчига. Дагестанера, Хӏирийчуьра, Гуьржехара адамаш дара нахера даьхний эца цига таттаделла, и базар сийсош. Массарна а йорах йезара оьцург. Дӏайухкучу хӏуманан ах мах хедабора, цхьабарт бича санна. Хаьара, шаьш ца эцча, цаьргара уьш эца кхин воцийла. Узу хьелий дорах, дӏадужу хьайбанаш деза дара. Нохчийчохь цхьаммо а ца духкура стерчий, бугӏанаш. Кхелхачарна ворданашна, ткъа цӏахь буьсучарна бахамехь оьшура уьш. Гондӏарчу къаьмнех болу нах, цунах пайда а эцна, санаш йохуш лелара. Шаьшкара даладой, стерчий, бугӏанаш мехала духкура, ткъа кхузахь дорах эцна хьелий дӏа а дуьгий, йоккха сайоккхура.
Оцу мехашна реза а ца хилла, гӏалгӏазкхашлахь мукъана жимма мехехь шен даьхний духкийла а, стерчий оьцийла а хир дацара-те аьлла, веанера иза Оьрза-Гӏала.