воккхаве Мӏаьчиг, цхьана агӏор – воккхавеш, вукху агӏор, хӏаъ аьлла, резахилла тӏе а тайна, гуш лаьтташехь Андрейна коча бала муха тосур а, ца хууш, воьхна, шен шелделлачу куьйгийн пӏелгаш сеттош, лаьттара.
– Андрей, со бахьанехь хьуна бала хуьлийла ца лаьа суна.
– И ма дийца. Нагахь ас динчух хьуна гӏуллакх хилахь, цул доккха хазахетар дац суна.
Цхьана эха сохьтехь мах бийцинчул тӏаьхьа гӏумкичуьнгара пхеа туьманах пхеа соьмах эцна и ши стуй, Андрейс шена битина йеттий хьалха а лаьллина, Андрейгӏаьрга дӏавахара уьш кхоъ.
Хӏаваэхь лайн чимаш хьийза доьлча, шайн шийлачу духарх кхеравелла, цӏа ваха тохавелла Данчӏий, ӏалхий урамехь цӏеххьана полковникна Белликна тӏеӏоттавелира.
Нохчашца чӏогӏа тӏекере стаг вара полковник. Ткъа царна ца хаьара цуьнан хаза хабар, цо лело гӏиллакх – уьш дерриш моттаргӏанаш йуйла. Айкхашкахула гулбечу хаамех кхачо йина ца ӏаш, миччахьа а ша тӏекхаьчначуьнца говза хабар доладой, мелла а хаамаш гулбора цо.
– О, сан хьеший шелахой бац хӏорш! Марша догӏийла шу! Ма воккхаве со шу гина! – даим а, ша цхьа ӏалашо йолуш, цхьанна тӏекхаьчча ма-хиллара, тӏекаре велира полковник.
– Марша ӏойла хьо, Беллик! Берриг нохчий Турце боьлху, – элира Данчӏас, маршалла а хаьттина.
«Хӏара нохчий Турце кхалхаран гӏуллакх тӏаьхь-тӏаьхьа тамашийна хуьлуш ма лаьтта. Хӏокхара, иштта тӏекхаьчча, схьадуьйцучуьнга ладоьгӏча, шеко йац аьлла, хетало. Амма дагахь ма-дарра муха дийцийталур дара-техьа?»
Цхьана секундехь и ойла йинчул тӏаьхьа, полковнико сацам тӏеийцира:
– Суна хьешаша сайца бепиг-туьхий кхоллийла лаьа. Дуьлол со волчу хьошалгӏа!
– Хӏан-хӏа, Беллик. Тхан цӏа даха деза, – йухагӏоьртира Данчӏа. – Суьйранна Илсхана-Юьрта кхача веза тхойша.
– Цунах-м бахьана хир дацара. Йуьрта веача, ас ма йоу шун сискал. Цхьаьний охьахевшина, цхьацца кад чагӏар мер вай.
Ӏалхин барзакъе хьаьжча, шийла дара и де. Цунна тегна хан а йицйеллачу чордачу чоаной, дерзинчу дегӏа тӏейуьйхинчу гӏовталой дуьхьало ца йора шелонна. Хӏуьттаренна санна, цӏеххьана шелделира хӏара де а. Беллика чагӏар хьахийча, тӏаьхьахӏотта лиира цунна.
«Хӏара гӏорош лаьтта цӏий жимма долалур ма дара, цхьа-ши кад