богучу бӏаьргаша иза кхетийра цунна моха йеана хиларх.
– Иштта лелча гӏиллакхехь дац, ӏалха, – элира Беллика шен оьгӏазвахар халла дӏа а тедина. – Хьо-м нехан хӏусамехь вай…
– Со вац нехан хӏусамехь, хьо ву! Со сайн махкахь ву, ткъа хьо хьан кхайкхина веана кхуза? Хьайн цӏа делахь, цӏахь ӏе! – ӏалха, ша волччохь хьала а айъавелла, полковникна тӏекхевдира. Цуьнан багара ӏаь шен йуьхьа тӏекхетча, важа дӏахьаьвзира. – Суна оьздангалла ӏамо гӏерта хьо? Цул, со къаьркъа мала ма ӏамийнехь! Шун къаьркъано, шун къизалло адамийн гӏиллакхах, тешамах вохийна, адамалара ваьккхина лелош вац со?
Ӏалха дукха генавала воллийла хиъначу Данчӏас, хьала а гӏеттина, нуьцкъаша гӏанта охьахаийра иза.
– Хьуна ца гира, Данчӏа, ахь вай Хонкара гӏур ду аьлча, хазахетта, цуьнан йекхайелла йуьхь?! Дера, бохку, вайн махкахь хаза ши ког хецна, шайна парггӏат баха ховша! Хир дац шуна иза, хезий хьуна? Тхо гӏур дац туркойн махка йа баха гӏертарш а бохуьйтур бац! Цигахь а йу ӏожалла тхоьга хьоьжуш, кхузахь а йу иза, бага а гӏаттийна, тӏехула хьийзаш. Амма кхузахь ӏожалла тӏеэцар хӏумма а доцург ду, хӏунда аьлча хӏара тхан даймохк бу, кху лаьттах бохку аш байъина тхан дай а! Хезий хьуна, полковник, тхо гӏур дац туркойн махка! Ткъех шо хьалха хиллачун ах а ца дисина тхо, амма вай кхин цкъа а тарраш морзахдохур ду!
«Эххар а схьаӏеттий цо шайн дагахь дерг. Кхин кӏорге гӏерта а ца оьшу. Шовзткъалгӏа шо йуха а карладаккха гӏерта хӏорш. Иза дара-кх суна хаа луург. Хӏинца, гӏиллакхна жимма къамел а дина, ара а йаьхна, дӏахьовсо йеза хӏара акхарой, – ойла йора Беллика. – Тахханехь Михаил Тареловиче дӏахаийта деза хӏара гӏуллакх…»
Данчӏас бехкбоккхуш човхийна ӏалха дӏатийра. Тӏаккха цхьана ханна тийналла хӏоьттира чу.
– ӏалха, хьо гӏалатваьлла. Тхуна ца оьшу хӏара шун лаьттан коржам. Доза дац Россин мехкан. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте шина шеран некъ бу. Ӏедалан законаш къобалдина, кӏел ца совцахь, цкъа а кху махкахь паргӏато хир йац шуна.
– Шун законаш а ӏожалла йу тхуна, туркойн махка кхалхор а, тхоьгара герз дӏадаккхар а ӏожалла йу тхуна. Тхо ӏаддадита, оха а ца кхийдадо цхьаьнгге а тхешан гӏиллакхаш!
– Карзах ма вийлахьа, ӏалха, –