Тӏом чекх ма-беллинехь, ведда Турце ваханчу ткъех эзар стагаца цига вахар ца нисделира Шахьбин. Шен бахамна сутарваьлла висинера. Бахам бохкар-ецар бохург хьехочохь а дацара хӏетахь. Сийна цӏе йара гобаьккхина кхерсташ. Хӏинца дерг ша ду. Нах Турце кхелха аьлла хезча, боккха кхаъ хилира цунна. Оцу хабарх ца тешна, ша а вахара иза цкъа хьалха Сайдулла, тӏаккха Алхазан Муса волчу. Хӏара дӏа вист ма-хилли, шаьш лоьхург вуйла хиъначу цара, хӏокхуьнца дӏабахка луучу мискачарна гӏоьнна аьлла, кисана итт туьма а таӏийна, ваийтира цӏа.
Шахьбин Турце тоьттуш кхин а дара цхьа бахьана. Цо массарах лечкъош, къайлехь латтош. Атталла шен нанас дена винчу веше а ца дуьйцуш. Цхьа кӏант воцург, кхин доьзалхо вацара Шахьбин. Иза, башха дега хьаьжна воцуш, хьекъална ира, комаьрша стаг вара. Шена хуу ӏилма дерриг цуьнга дӏаделира Шахьбис. Цуьнан аьтто хиллера керстане болу шен цабезам берриг кӏанте бала а. Деккъа цхьана оцу гӏуллакх тӏехь амалш йуьззина цхьаьнайогӏура цаьршиннан, ткъа йисинчу амалшца и шиъ вовшашна ген-гена ши стаг вара.
Шахьбин берриг дуьненан безам оцу кӏантана тӏебирзинера. Цо сатуьйсура цунах наха лоруш, гӏараваьлла, цхьа а эшам боцуш, ирсе стаг хиларе. Шемалан оьмар цхьана иттех шарна йахйеллехь, шен дагахь дерг кхочушхиларе догдохуьйла йара цуьнан. Амма, кху оьрсийн ӏедална кӏел мел ву, ӏедална нийсса дуьхьалйолчу цуьнан шен а, кӏентан а амалшца иза даржехь лакхаваларе догдохуьйла йацара. Дин маьрша дисинехь, шен устазна Кунта-Хьаьжина улло а тесна, хьалаойъур вара цо иза. И догдохуьйла а хаьрцина тӏекӏелйаьллера. Ӏедална дуьхьал йолчу тобанна йукъа кӏант ӏотта ца лаьара. Хьекъалечу Шахьбина дика хаьара нах оьрсийн паччахьал тоьлург цахилар а.
Цуьнан йерриг догдохуьйла Турце йирзинера. Шортта хьал эцна цига вахча, кӏант хьалхататта шен ницкъ кхочург хиларх тешна вара иза. Цигахь эпсарийн дешар а дешийтина, туркойн эскаре вахийтича, шен хьекъалца, майраллица кӏант сиха лакхавериг хиларх тешара иза. Хьанна хаьа, хенан йохалла паша хила а мега цунах. Мацца а цкъа, Делан гӏоьнца доккхачу эскаран коьрте а хӏоьттина, кху махка йуха а веана, кхузара керстанаш дӏа а лаьхкина,