ихна эгӏаза йуьхь, тӏейелха кечйелла стигал санна, цӏеххьана кхоьлира.
– Зуда, со схьавогӏу хьуна! – чу мохь туьйхира цо.
Чолакха аьрру гӏогӏ а текхош, цхьана агӏор ӏасанна тӏе а тийжаш, кех ваьлла, охьа чу волавелира иза.
Ша вешин керта кхаьчча, чуьра схьа цуьнан сингаттаме мукъам хезира Гатина:
Хӏай Делан цӏена дин, ма гӏоьнча вац хьан,
Хьо тодеш, кхиадеш да-нана дац хьан,
Хьоьца сакъералуш доттагӏий бац хьан,
Ма байлахь диси хьо, йа дийнал-ислам…
Гати, неӏарх чоьхьа а ваьлла, дуьхехь сецира. Маьнги тӏетесначу жимачу, кӏедачу гӏажарийн куза тӏехь гора а хиъна, цхьа куьг лере лаьцна, ши бӏаьрг хьаббина, мукъам беш вара Шахьби. Хьалха ӏохкура схьадиллина жайна а, йаздиний, долийний цӏена кехаташ а, чухӏоттийна эрзан къолам болуш кхийран шекъадуттург а. Баьрчерчу терхи тӏехь тӏекӏелдоьттина дара мажделла жайнаш. Ваша неӏарх чуваьлча ца хиънехь а, йа хуъушехь ӏийнехь а, шен мукъам ца хадийра цо:
…Дегӏ доцуш цӏе йу хьан дуьненахь йоккхуш.
Хьан нуьре дегӏ лоьхуш, орца дац доккхуш,
Хьо сийсаздиначух бехк ма бац боккхуш,
Ма байлахь диси хьо, йа дийнал-ислам.
Масане да-нана дуьнено дийна.
Масаммо доттагӏа, ӏехавеш, вийна,
Йиша-ваша къестадеш, марзонаш хедда,
Халкъ байлахь диси-кха, йа Аллахӏ Дела…
Назманна шовкъе хилла ваша йукъахваккха ца хӏуттуш, ладоьгӏуш лаьттара Гати. Аз кхин дӏора хаза а дацара вешин. Амма цуьнан кӏеда-дуькъачу озо а, цӏен бос бетталучу беснеша а, кӏайн йехачу можо а, къаьсттина и назма олуш хьаббина хуьлучу бӏаьргийн негӏаршна йуккъехула схьаӏийдалучу бӏаьрхиша а дог кӏаддора муьлххачу а стеган. Карлабохура хилла бохамаш, ойла йойтура хӏоьттинчу хьолан, уггар тийна дог а шовкъе дора.
…Хӏара дуьне даим дуьсур ду, моьттуш,
Дуьненах дин духкуш, эхартах буьйлуш,
Ва кхана хиндолчун ойла йар доцуш,
Мунепакъ соввели, йа Аллахӏ Дела.
Дела вац аьлла, керста ма вели,
Ва цуьнан теш хилла мунепакъ хӏоьтти,
Цаьршиннан йукъ тойина шайтӏа ма дели,
Вайн Дала гӏо де хьан, йа дийнал-ислам…
Назма чекх а йаьккхина, бӏаьргех гӏовталан тӏемиг хьаькхна, жимма хан йаллалц вист ца хуьлуш ӏийна, Гатигахьа вирзира иза.
– Аха ваха кечлуш ву, ма боху, хьо? – хаьттира цо, велхаро букъбинчу мерах а луьйш, дегочу озаца.