кагбелла, шалха дахара. Цуьнан догдика, къинхетаме бӏаьргаш, хьераваьллачу стеган санна, цӏийбелла, схьалелха бохкура. Даим а беса хуьлу йуьхь ӏаржйелла. Эсетна цкъа а ца гинера иза оцу суьртахь.
– Хьуна хӏун хилла? – хаьттира цо, ша муха хотту а ца хууш.
– Хӏумма а ца хилла. Схьайаийта ворда!
Шина вешина йуккъехь хӏиттина галморзахаллаш и гӏуллакх йукъадаьллачу буса дуьйна хаьара Эсетна. Кхалхар хьахаделлачу дуьххьарлерчу буса ша цӏа ма-веъанехь, вешица шен хилла къамел зудчуьнга дийцира Гатис. Эсета цхьа а дош ца элира цуьнга, хӏара йа важа де аьлла. Цигара цӏа масазза вогӏу, кхоьлина-м хуьлура иза, амма тахана санна карзахе цкъа а ца хиллера. Шина вешина йуккъе йоккха вас йоьжнийла хиъна Эсет, хеттарш ца деш, дӏатийра.
Ӏуьйранна хиллачу гӏуллакхах къамел ца хилира цаьршиннан кха тӏе дӏакхаьчча а. Зудчуьнга вист ца хуьлуш, гота кхан йуьххье а хӏоттийна, хьаьжкӏийн хӏу чохь таьлсаш коча а тийсина, ши-кхо гӏулч шуьйра лоцуш хӏу а тесна, дуьххьара го баьхьира цо.
Стерчийн йуьхь лаьцна лелачу Эсетна дагара ца волура вас хилла майра. Цхьана хенахь кху йуьртахь уггар каде, майра тӏемало вара Гати. Дегӏ куьце дара цуьнан, йуьхьа тӏехь а цавеззал ирча вацара. Тӏом чекхболучу шарахь хиллачу луьрачу чевно гуттаренна а заьӏап вина, кӏелвитинера иза. Дегӏ дара цуьнан чевнаша дерина, амма хенашка хиллачу чевно кӏелвитинера. Цо дайъинера цуьнан куц а, дуьненан самукъа а. Шо-шаре мел дели, гӏора оьшуш, хьегӏаш, азлуш, кӏелвуьсуш лаьттара иза. Ца телхаш цуьнца ӏалашделларг цуьнан майра, къинхетаме дог дара.
Гати, ала хӏума доцуш, дика вара Эсетна. Дика вара иза цуьнан нанна а, кегийчу вежаршна а, йижаршна а. Уьш мецачу ӏожаллех хьалхабахархьама йеанера иза заьӏапчу цуьнга. Аьрзуга болу шен бовха безам, цуьнга йахча шен хиндолу ирс дӏа а теттина. Эсетна хаьара майрачунна ша чӏогӏа йезийла. Хаьара, шайн доьзал мацаллин багара баьккхинарг иза вуйла а. Цундела цуьнца ша доккхучу деа-пхеа шарахь даим шен кийрахь цуьнга безам гӏатто гӏиртира Эсет. Амма иза ца хуьлура. Муха гӏотту боцург? Цуьнан дуьххьарлера а, тӏаьххьарлера а безам Аьрзуца кхерстара. Цхьана минотана а цунна тӏаьхьара ца болуш.