йаьлла минот йац сан. Хьан ойла йиллина дӏа Аьрзуна тӏехь лаьттийла а хаьа суна. Могаш велахь а, со санна, декъаза стаг ву иза. Шуьшиъ ирсах хадийна ас, со декъаза а висина. Амма Аьрзу къонах ву, шел тӏех дуьненахь кхин хир воцуш. Кхин хаац суна, паччахьан йоӏ йахча а кӏезиг дара цуьнга. Шуьшиъ цхьаьна ирсе хир ду. И дӏадели. Хӏинца, же, вайшиннан стерчий схьадаладе…
Гатис меллаша дӏатоьттура шен логах пхьаьрсаш хьарчийна, некха тӏе корта таӏийна, дерриг дегӏ, хорша йеача санна, дегош, йоьлху зуда.
– Хьо дуьненахь мел ву, хьох къаьстар йац со! – къаьхьа мохь белира цуьнан. – Ший а йа шиннах цхьаъ делла дуьненара дӏадаллалц, хӏара декъаза мур буур вайша…
Гатин накха багийра эттӏачу чоина, некха тӏе девллачу чоьшна йуккъехула лешаш, чкъурана тӏекхаьчначу Эсетан довхачу бӏаьрхиша…