сайх тешна, сайна улло а, тӏаьхьа а хӏиттинчу нахана тешнабехк, йамартло ца йан, сайн къоман, бусалба динан маршонехьа къийсам латто, царна эшначу меттехь, бӏаьрнегӏар ца тухуш, церан дуьхьа сайн са дӏадала. Сайн дел-ненал а, йишел-вешел а, доьзалал а сийлахь а, лакхахь а сайн къоман маршо лара. Нагахь ас царна йамартло йахь, айса тховса а, тховсачул хьалха а биъна дуй къарбахь, кху чохь болчу нахана, хӏокхарал тӏаьхьа тхайн гӏуллакх дӏаэцначу нахана а сайн цӏий хьаналдо ас…
Цхьацца тӏехӏуттуш, оццу дешнашца дуй биира хӏораммо а. Тӏаккха, доцца доӏа а дина, дӏасабахара…