Йарташ йогу; орца дац царна.
Мостагӏчо байъина даймехкан кӏентий.
Цӏерийн меттанаш метеорех догу,
Бӏаьрг кхеттарг ӏадавеш, мархашкахь ловзу.
Дерачу экханха цхьамзанаш буйнахь
Машаре хӏусамашка толамхо лелха,
Къена нах, берашший цо къиза дойъу,
Ткъа цӏеша цӏийдинчу куьйгашца
Цо къона мехкарий, наной а хьоьсту…
М. Ю. Лермонтов. «Измаил-бей»
Дукъаца лома боьдучу новкъа охьавогӏу Аьрзу, ӏаьрчхил дехьа басахь шайн ирзохь дежаш ӏелин а, Чорин а стерчий а гина, Маккхал цӏа а хьажийна, цигахь ӏела хӏун деш ву хьажа дагахь, дукъан аьрру агӏонца чухьаьвзира.
Аьрзу шех дӏакъаьстича, цӏеххьана сингаттамо дӏалецира Маккхал. Кестта махках ваьлла ваха дезар а дацара иза кхолийнарг. Махках ваьлла-м дикка леллера иза. Цкъа, Шемалан цӏарах туркошца дийцарш дан Стамбуле воьдучу Сапарчин Юсуп-Хьаьжица вахана, Турцехь бутт хан йаьккхира цо. Шарахь гергга оьрсийн йийсарехь а ӏийра. Махкахвалар-м дуьххьара тӏе ца догӏура цунна. Цкъацкъа де а бахьана доцуш, шен цхьалла санна, йеза ойланаш хьаьвзара цуьнан коьрте. Кху дукъа ваьлча, малхбузехьа аренах бӏаьрг кхетча, мел иза къехко гӏертарх, карлайуьйлура бералла, вина йурт. Хӏара ша волччохь вуьтий, тӏома айъалой, цига дӏадоьдура са. Цуьнан ирсе а, декъаза а миноташ уьш йара – и гена йахана хан дагалецар.
Маккхална халла дагабогӏура шен да а, кхо ваша а. Цуьнан йалх шо долуш цхьана дийнахь хӏаллакьхилира уьш виъ. Нана-м хьалххе йеллера. Йижарий хилла а бацара.
Шен схьавалар Гермачигара дара Маккхалан. Цуьнан да ӏабдурахьма Нохчийчохь а гӏараваьлла воккха молла вара. Цо йиллинчу Нохчийчохь дикачу масеханнах цхьаъ лоруш йолчу хьуьжарехь маьхза доьшуш дара къечу нехан бераш. Йерриг шен ойла Далла тӏейерзийначу воккхачу стага, веа кӏантана цунах цатам баларна кхоьруш, церан нана йелча зуда а ца йалийра.
Жима Маккхал теш хилира ден а, вежарийн а къизачу ӏожаллин. Оцу аьхкенан дийнахь шайн цӏенна генадоцчу ӏинах лулахойн берашца луьйчуш вара иза. Йуьртана малхбузехьа цӏеххьана тоьпаш а, орцанан маьхьарий а девлира. Берашна шера хаьара царал тӏаьхьа хуьлуш дерг. Тоьпаш карахь аралилхинчу божарша йуьртал ара сихдира зударий, бераш.