совгӏаташца зударий а. И гӏиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллица мах а бина, тийна дӏадирзира нускал далор.
Сингаттаме дара керла даха хиъначу цаьршиннан цӏенойн дерзина пенаш. Оьшург бен хӏума дацара, хӏетте а шаьшшиннал ирсе адам дуьненахь ца лорура цаьршимма. Дахар хала мел хили, оьшург алсам мел дели, чӏагӏлора йуккъера безам. Вовшийн дезаро оьшург ца гойтура, безамах дуьзна ши дог йух-йуххехь долуш атта дара денна тӏетеӏа халонаш лан. Амма иза боца, кӏезиг мур бара. Меца борз санна, бага а гӏаттийна, тӏехӏоьттина лаьттачу мацалле, мискалле, къизалле хьалахьажа ца лууш, шаьш-шайн ӏехо гӏерташ, цаьршимма тоькху денош а чекхдевлира.
Гора-йаӏ, ма атта дара гуш волчу мостагӏчуьнца герз буйнахь къийсам латто! Ма атта дара иза. Амма муха къийса деза тӏамал а буьрсачу мацаллица, къоьллица? Муха лан деза ийза ца ӏемина олаллин дукъ?
Ткъа хӏинца стенга сатуьйсуш, стенах ӏехалуш ваха веза?
Ӏелин бӏаьргашна хьалха хӏуьттуш чекхдуьйлура цуьнан дахаран буьрса денош. Цунна хӏинца а дагахь дара бераллин шерашкахь синкхетамехь дисина машаре масех шо. Сийначу хьаннаша хьулйина бӏешерийн къена раьгӏнаш. Тӏулгаш йуккъехула схьакхийсало, зурманах кӏар-кӏар деш, шайна ӏиндагӏ деш тӏекхозаделлачу дитташна хастам беш, эшарца уьду шийла, сирла шовданаш. Сийначу стигалахь бамбин соьмалкхех терачу мархашна бухахула тӏам хьоькхуш лела ламанан леча. Чехкачу Яьссин къора гӏовгӏа, цуьнан бердашца хьийзачу маьрсалдагийн цӏогӏане маьхьарий. Эвларчу мехкарийн самукъане эшарш, паргӏате, ирсе, маьрша дахар. Оцу исбаьхьчу ӏаламах даккхийдеш лелачу берийн тобанаш…
Цӏеххьана – тӏом… Хедош, йагош, йерзина йехира сийна хьаннаш, бошмаш. Овкъаран чим беш йагийра йарташ. Цӏен бос ийцира сирлачу Яьссис. Молханан, цӏеран кӏуьро малх къайлабоккхуш, кхолийра сийна стигал. Лаьттах дохказа дисина декъий лоьхуш, тӏехула хьийзара ӏаьржа хьаргӏанаш. Сискал йоьхуш доьлхучу берийн, мацалла ӏоьхучу дохнан, байъинчийн декъашна тӏехь тийжачу зударийн маьхьарий. Шайн дайн махкахь дуьне гатделла хьийза адамаш…
Хӏинца ца хеза йаккхийчу тоьпийн дур а, зударийн, берийн белхаран маьхьарий а. Гонаха машаре