– Кебира-а-т, хӏун хир ду-те тхох? Даго диканиг ца хьоьху-кх суна, дистина эккха доллу-кх иза…
– Хӏумма хир дац, Зазу, ма йелха. Дала гӏо дийр ду шуна, эвлайааш орцахбевр бу шуна…
Хӏетталц тийна, кийрахь боьлхуш лаьттинчу зударша шайн дегнашна маршо йелира. Цара тайп-тайпанчу аьзнашца хьоькхучу маьхьарша къардира хӏаваъ. Хуьлуш долчух ца кхета бераш, ӏадийча санна, тийна ӏара. Вуьшта а кийрара дог эккха доллучу Мӏаьчигна болчу тӏе а хорам бира цара.
– Ворда арайаккха, кӏант! – омра дира цо Коьрега.
Зуькаран аз тӏаьхь-тӏаьхьа гергагӏертара:
Аллахӏу ма сели ӏала,
Мухьаммади ва ӏала,
Али Мухьаммади
Васели, амин…
Зударий кех бовллалц кетӏахь а сецна, тӏаьххьара бӏаьрг туьйхира Мӏаьчига. Тӏера хьахарш охьа а эгна, йуккъера зӏараш гучу а дийлла, тӏе латта тесна тхов болу цуьнан жима цӏа гӏийла хьоьжура цуьнга. Дуьхьалара хӏуманаш дӏайаьхна ӏаьржа кораш. И цӏа йакъайеллачу коьртан туьтанах, ткъа и кораш оцу туьтанан бӏаьргийн кедех тарделира Мӏаьчигна.
Цуьнан хьажар бешахула кхерстира. Йукъ-йукъа гӏаддийн агӏошца наггахь маргӏалш а тесна, мацах цкъа салташа къинхетамза гаьннаш, баххьаш тедда, дагарш диттина, дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь, йакъайелла адамийн чархаш санна.
Кхузахь баьхнера цуьнан дай. Оцу лаьттан коржам тӏехь ваьллера иза ша а дуьнена. Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког, аьллера духхьарлера ши дош – «нана», «дада». Уггар хьалха кхузара дӏаболалора цуьнан даймохк. Эвла йистехь, гу тӏехь, ду цуьнан ден, ненан, вежарийн, кхечийн а кешнаш. Тахана са ма-тессинехь вахана, тӏаьххьара ӏодика йеш, царна тӏехӏоьттина иза.
Кхузахь дог дуьтуш воьду иза гена цабевзачу, хийрачу махка…
Баттара йаьккхина шаьлта ӏоьттина, кетӏарчу утарми уллора цхьа буй латта а даьккхина, иза шен чоин бустамаш чу а доьхкина, шен тиша месала куй бӏаьргашна тӏе а теттина, новкъавелира иза.
– Дӏадели хӏара, Васал, – шега хьоьжуш новкъахь лаьттачу Васална тӏевахара Мӏаьчиг. – Хьо ӏе цӏахь, тхо гӏор.
– Деллахьа, Мӏаьчиг, маршо лехна ас, цкъа битина вина мохк, сайн йиша-ваша а, халкъ а. Цигара схьа суна тӏаьххье кху лам чу а йеа хӏара харцой, ӏазаппий. Дуьнен чохь цхьаннахьа а йан а йуй-техьа