валарал, лаьцна Сибрех вахийтарал доккха эхь дац. Тӏе, сингаттаме а ду кхузахь. Сила йоккхачу
Оьрза-Гӏалахь пхи-йалх бен къонах вац. Бисинарш дехкий ду, цицигах а кхоьруш. Сан дендас бийцира суна хьалхалера гӏалгӏазкхий. Уьш хилла хьуна къонахий! Даим а нохчашца цхьаьна. Диканехь, вонехь а. Вовшашна гӏо деш. Цхьаьний тӏаме а боьлхуш. Хьеший а, вежарий а хилла уьш. Хӏинцалерчаьрга хьажал? Церан да паччахь ву. Шайн лулахошна, вежаршна тӏе тӏамца богӏу. Паччахьах кхоьруш. Хӏан-хӏа, ишттачу лулахошна генавалар гӏоли йу. Йуьххьехь дуьйна шун гӏалгӏазкхий тхоьца бертахь хиллехьара, паччахьан эскаршка Терка тӏе ког буьллуьйтур бацара вай. Лаьхкина Петарбухе дӏабуьгур бара. Тахана тхо махках доху. Кхана шуьгахь хир йу рагӏ. Гора, Корней, йаӏ, ма тӏаьхьа ваьлла вайша дуьнен чу! Цхьа бӏе шо хьалха вина хиллехьара. Хьох – атаман, сох имам хилла хир вара. Инарлашна йетташ. Хӏинца бац хьалхалера нохчий а, гӏалгӏазкхий а. Къотӏалгӏа йина хӏуманаш йисина. Цундела воьду со Хонкара. Цигахь карор ду ас сайна гӏуллакх.
Корнейс леррина ладоьгӏура. Доттагӏчун дешнаша дог ӏовжийра цуьнан. Цкъа а ца динера цо иштта къамел. Бакълоь иза. Хӏинца бац станицашкахь хьалхалерниш санна гӏалгӏазкхий. Паччахьо шен йолахой бина уьш.
– Цхьа куьг бен доцчу ахь хӏун дийр ду цигахь, ва хьерабаьлла корта?
– Бойсагӏар вуьйцу хезний хьуна?
– Хӏаъ, хезна…
– Цхьа куьг, цхьа ког, цхьа бӏаьрг бен бацара цуьнан. Амма паччахьан уггар тоьлла инарлаш гӏибабохура цо.
– Бойсагӏар Шемалан наиб вара, шен шортта эскар а долуш.
– Эскаран метта оьгӏазло йу соьгахь, кийра буьззина. Султана латта ца лахь, обарг вер ву со. Туркой тало.
– Хьайн берех къа мукъа а хетахьара хьуна.
– Дала йаздинчух бевр бац уьш а.
Хӏара шиъ хьалха боьлхучарна тӏекхиъча, Андрейна а, Маккхална а йуккъехь а бара изза къовсам.
– Нах-м ӏехабеллера. Хьой, Аьрзуй, ӏелий а вацарий сонтачех. Шу хӏунда доьлху?
– Туркойн паччахьо цхьа эладитане кехаташ даржийна нохчашна йуккъе. Царах ӏехабелла нах. Бакъдерг аьлча, со тешац и кехаташ туркойн паччахьера ду бохучух. Кхузахь тешнабехк бу. Нах кхето, совцо гӏерташ, оха ца деш хӏун дитина? Ладогӏац. Оцу кехатах теша. Баккъал а