Ӏедалхойн зуламаллина цара ӏедал тӏехь
латтораш бехке бан мегар дац:
правительствош цкъацкъа бандиташ хуьлу,
амма халкъаш цкъа а ца хуьлу бандиташ.
В. Гюго
Оцу бӏаьстенан цхьана буса махках баьккхина нохчийн пхи эзар доьзал цабевзачу хийрачу махка баха новкъа баьлча, империн кхечу маьӏӏехь, хьоло а, къоьлло а йукъйинчу Петербургехь, Кавказан тӏеман турпалхочун инарла-майоран Викентий Михайлович Козловскийн цӏеношкахь гулбелла бара оцу инарлин бӏаьхаллин накъостий.
Парадни неӏарехь магӏарш дина лаьттачу пайтонашна, кареташна гонаха, месалчу кетарийн пхьуьйшаш чу куьйгаш а доьхкина, шодмаш пхьаьрсаш кӏел а йоьхкина, шел ца бала гӏерташ, шаьш лаьттачохь ирхлелхаш, когаш бетташ, вовшашка къамелаш деш бара долахьчу экипажийн кучерш.
Массо кор серладаьллера инарлин цӏенойн. Хьеший тӏеоьцуш, неӏаршкахь хӏиттина лаьттара ливрейшца кечбелла йалхой. Хьеший гулбеллачу зала чохь тховх а, пенех а дашо варкъ даьккхинчу канделябраш чохь догура бӏеннаш чӏурамаш.
Стоьлаш тӏехь баьрзнаш дина бес-бесара даарш, царна йуккъехь, бӏаьвнаш санна, лаьттара тайп-тайпана маларш чохь лекхий, горгий, чӏапий шишанаш, графинаш.
Йехачу стоьлашна гонаха хевшина ӏара тӏеман мундираш йуьйхина шайн йерриг регалишца инарлаш а, ӏаьржа сюртюкаш, кӏайн кучамаш йуьйхина, логехь «полларчий» дохку штатски хьаькамаш а. Хьешашна тӏехьахула лаьттара, пхьаьрсех кӏайн гатанаш а тийсина, муьлхха а омра кхочушдан кийча йалхой.
Тховса кхуза шен рогӏехь хуьлуш йолчу пхоьазлагӏчу кавказски суьйренга гулбеллера: кавказски тӏеман турпалхой – Кавказан наместникаш хилла Михаил Семенович Воронцов, Николай Николаевич Муравьев, Александр Иванович Барятинский, Григорий Дмитриевич Орбелиани, Теркан областан начальникаш хилла – Николай Иванович Евдокимов, Дмитрий Иванович Святополк-Мирский, тӏеман министр Дмитрий Алексеевич Милютин; инарлаш – Бебутов, Лазарев, Тер-Гукасов, Гейман, Засс, Дондуков-Корсаков а.
Кхузахь бара кавказски тӏеман историкаш-публицисташ: къайлаха советник, академик Адольф Петрович Берже, Николай