– Дика ду, Муса Алхазович. Хьан идея ас сихха дӏакхетор йу Цуьнан
Императоран Локхалле Михаил Николаевиче.
Ший а инарла хьалагӏеттира. Вовшашна резахилла, доггах куьйгаш а лаьцна, дӏасакъаьстира и шиъ.
Хьаша дӏавахча, хӏокху масех баттахь дуьххьара самукъадаьлла, Михаил Тарелович сихха Карцовга кехат йаздан охьахиира.
«…Ас хьоьга хьалха ма-йаздарра, кху сохьта хӏоьттинчу хьоло Йоккхачуй, Жимачуй Нохчийчуьрчу бахархойн тӏехиндерг тӏаьххьара а, гуттаренна а къастийна. Оцу къоме лаьттаца хӏоьттинчу хьоло йа иза буххенца хийца доьзуьйту вайн, йа оцу крайхь лаххара а кху герггарчу итт шарахь хӏинца кхузахь долу эскарш латто доьзуьйту вайн, муьлхха а гӏаттам хьаша а, туземцашна йуккъе дӏасабаржийна гӏалгӏазкхийн бахархой царах ларбан а…
…Ас хьалха а йаздина Йоккхачуй, Жимачуй Нохчийчоьнийн бахархой Жимачу Гӏебартий, Сунженски гӏалгӏазкхийн махка тӏей кхалхо безар а, нохчашна тӏе текхамаш бахка безар а, ломан когашца дӏа Владикавказна тӏера Гӏумкийн арен тӏе хӏоттош гӏалгӏазкхийн станицийн керла лини йилларца, и къам шина декъе декъарой бен, нохчийн гӏуллакх гуттаренна а чекхдоккхург цахилар а. Нохчашца дерг чекх ца даьккхича, вайн гӏуллакх цкъа а чӏагӏлур дац Теркан областехь а, Дагестанехь а…
…Амма луьра дуьхьало ца йеш нохчий цигара дӏабевр бу бохург хьехо а ца оьшу.
…Цундела суна лаьа, Теркан областехь вай кхидӏа дан дезачу гӏуллакхийн боккха аьтто хир болуш инарла-майоро Кундуховс сайна тӏедеана гӏуллакх Хьан Локхалле сихха дӏахаийта.
…Нагахь инарлин Кундуховн хьалхадиллар Цуьнан Императоран Локхалло къобалдахь, ма-хуьллу сиха и план кхочушйан цунна бакъо йалар бакъахьа хета суна. Цундела, Хьан Локхалле чӏогӏа дехар ду сан оцу гӏуллакхна Сийлахь-Воккхачу Элера бакъо йехар а, нагахь цо иза лахь, уггар хьалха вогӏучу курьерца йа телеграфан депешица сайга хаам бар а».
7 май, 1864 шо. № 34
Владикавказ-гӏала»
…Цул тӏаьхьа нийсса итт де даьлча Лорис-Меликовга телеграмма кхечира:
«Владикавказерчу телеграфе. Потира. Телеграмма № 198.
17 май 1864 шо.
ПРАВИТЕЛЬСТВЕННИ
Владикавказ, Эскарийн Командующига.
Сийлахь-Воккха Эла реза ву инарлин К. предложенина. Буьззина кхиам хуьлийла а лаьа. Гена мел бехи, дикахо ду. Карцов»