Хьалха цуьнан ойла а, хьежар а оцу тогӏи чохь йогучу цӏераш тӏехь хиллехь, хӏинца иза регӏан когашкахь ӏуьллучу туркойн йуьрта тӏехь сецира цӏеххьана. Цхьана кӏеззигчу йукъана цунна вицвелира тогӏи чуьра берхӏитта эзар нохчо, дицделира ша хьегна вон а, хьалха лаьтта ӏазап а, ерчонаш а. Мухха делахь а, хӏуманан бала боцуш, набаро йатийна ӏуьллучу туркойн маьршачу йуьрто цунна карлайаьккхира шен къона хан, дуьххьарлера безам. Цигахь йу Эсет. Дийна вуй-техьа Гати? Амма йах ца йелира и хан дагалоьцуш цо йен мерза ойла. Дуьхьалхӏитта дуьйлира цул хьалха а, тӏаьхьа а, зӏенан чӏагарш санна, вовшех дозаделла бохамийн денош. Ирча гӏан гуш набарха ваьллачу стагах тера цӏеххьана хьалаиккхира иза. Хӏетта шен доӏанан тӏаьхье йерзо гӏерташ воллучу Чорин белша тӏе куьг туьйхира цо:
– Вало, доттагӏ, болх Далла тӏе а биллий. Ӏан йиш йац. Вай диканиг дохьуш кхачаре сатуьйсуш ӏаш хир бу и пекъарш.
Шина доттагӏчо, чехкка волавелла шайн накъосташна тӏе а вахана, цомгашниг тӏехь ӏуьллу лами лаьттара хьалаайъира. Буьрсачу дахаро даим а кийча, сема хила ӏамийна важа накъостий а, хӏетта озийначу набарх а бевлла, шайга ца кхойкхуьйтуш, гӏевттира.
Цомгашниг халла хезаш вистхилира.
– Хьуна хӏун лаьа, Данчӏа? – хаьттира Аьрзус, цунна тӏе а таьӏна.
– Хи лойша, хи…
Тӏевеанчу некъахойх цхьамма шен хаьн тӏехь доьхкарх кхозучура схьадаьстинчу хи чуьрачу китан бертиг, цомгашчун корта ларбеш хьала а айъина, кийрара схьа йовхонан тов йетталучу цуьнан бете йаьхьира. Жимачу беро ненан некхан йуьхьиг санна, балдашца бертиг а лехна, са ца доӏуш къурдаш деш, китан чож чудожийра цо. Тӏаккха, корта дӏахьовзорца, иза шен бетера дӏа а даьккхина, гӏийла узам а бина, дӏатийра. Кхин вовшашка бист ца хуьлуш, тогӏи чу охьабуьйлабелира некъахой.
Беттан серлоно къегадора церан эттӏачу чоэш тӏехула йукъах кхозу детица кхелина герзаш. Тата доцуш тӏулган некъ хьоьшура ахберзинчу когаша. Хезара цомгашчо наггахь бен гӏийла узам.
Уьш генабевлча, йуьззина хӏоьттина тийналла йохийра, дукха хан йалале коьллашлара схьа а иккхина, дехьо сецначу шина чагӏалкхо.