Делан гӏоьнца, зен-зулам доцуш, вайн махка вирзира со. Цул тӏаьхьа тӏеман арахь вай оьрсашца чуччадахча, даим сайна хезаш санна хетара суна Ягора дина весет, дуьхьалхӏуьттура цуьнан догцӏена йуьхь, сийна, къинхетаме бӏаьргаш. И дагадеача, сиха къастабора ас эпсаран горга корта шен белшах. Цундела воллу-кхи со, Шахьби велча, цуьнан коша хьажа. Хьанна хаьа, Шахьбин кошахь Ягор каравой а. Маккхала дийцарехь, Шахьби жоьжахата а воьдуш, Ягор йалсамана а воьдуш, гӀуллакх нисдала догӀу.
– Хьо галваьлла, Мовла, Шахьбица керста молла хуьйцур ву Дала! – аьлла, шен цхьа бӏаьрг къарзийна, гӏадвахана велавелира Къосам.
Тӏетуьйсучуьра жӏолмаш хаьдда цӏе, йукъа гӏаж хьийзайарх, ца къегаш, йайнера. Бутт чубуьзча гонаха хӏоьттинчу бодано йуха а хьалхахӏоттийра цхьана йукъана царна дицделла ирча хьал.
Бода бара церан дегнаш чохь а.
Мовлин къамел чекхдаьлча, цхьана йукъана хӏоьттина и сингаттаме тийналла йохийра вистхиллачу цхьамма:
– Тховса а биси-кх Аьрзугӏар.
Цунна цхьаммо а жоп ца делира.
Жимма ӏийча, йуххерчу тоьли чуьра схьа беран дуткъа йишхаьлла аз хезира:
– Нана…
Дуьхьал жоп дацара.
– Ва нана…
– Хӏун боху ахь, диканиг?
– Сискал йеза…
– Ас хӏун де хьуна, диканиг?
– Со меца йу, нана…
– Йаа хӏума йац вайгахь… Ас ӏуьйранна, хьалххе гӏеттина, йохьур йу вайна…
– Нана в…
Хьестарх гӏуллакх ца хилла, човхийна сацийра нанас мацалла бӏарзделла бер. Жимма ӏийча, тоьли чуьра схьахезира беро уьйзу са а, ненан къора йелхар а…
Ткъа и майра кӏентий дан гӏо доцуш тийна ӏара.
Йукъал тӏехйаьллера буьйса. Цахаалуш тӏедуьллучу тхино тӏунйинера тӏера беркъа бедарш, эттӏачу царна йуккъехула схьакъеда малхо йеттина ӏаржйина меженаш. Дийнахь сарралц дӏасалелаш, хевшина ӏаш, ойланаш йеш кӏадделлачу церан догӏмашна садаӏа лаьара. Амма муьлхха хало а атта хетара царна, дагна ӏеткъа, дог морцу мецачу берийн, цомгашчийн узарш хезаш, цаьрга ладоьгӏуш, баннаш чохь сема буьйса токхучул.
Амма ведда вала некъ бацара.
Вовшийн ӏодика а йина, цхьацца агӏор шайн доьзалшна тӏе дӏасабекъабелира уьш.
Туп дӏатийра.